Малижа. Ч1ег1ардигийн т1емашца ирс! Берашна хаьржина дийцарийн гулар - страница 11

Шрифт
Интервал


Урок чекхъяьлла садо1ан арахьаьвдира бераш, хьехархо а журнална т1е цхьаъ-м д1аяздина классера аравелира. 1иса араволийтуш партаана т1ера г1аьттина вуха а охьахиира со, сой 1исай 1ен парта пенна уллохь яра. Малижа а яра шен меттехь схьайиллинчу киншкана т1ейог1аелла 1аш. Цуьнца цхьана партии т1ехь 1ен Губани а шен дешаран г1ирс т1оьрмигчу а берзийна, Малиже: «Со арахь хир ю хьуна», – кхоьссина араелира. Малиже хьаьжича сан тидам хилира, иза киншкана юккъе дехкинчу суьрташка хьожуш хиларан.

– Малиж, хьажийтахь хьан сурт муха даьлла, – йо1ана уллохь партана т1ехь д1атарвелира 1умар.

– Хаза ца яьлла со сурта т1ехь, – олуш суьрташ д1акховдийра Малижас.

– Деккъа ц1ена малик ду-кх сан Малижа! Делахь а суьрта т1ехьчулла а иштта хаза ю хьо, – улло т1евуог1авелла тайниге санна хьаьжира 1умар.

Классанчохь масех божберех дешархой вара вовшех тийсалуш шайн саму-къадоккхуш. Церан г1овг1анехь дикка ца хезира суна кхин х1ун элира 1умарс. Со сайн партана т1ера киншка т1оьрмигна чу а кхоьссина меллаша аравелира. Бераш б1аьстенах, йовхонах самукъадаьлла ловзуш д1асауьдуш дара, амма сан царах самукъа ца долура. Суна кхоьлина хетара х1ара б1аьстенан сирлачу малхо къагийна дуьне а. Ишколана уьйт1ара араволуш аг1онца болчу новкъа аравелира со. Кертайисттехула асфальт биллинчу г1ашлойн некъахула б1арийн диттийн 1индахула д1аволавелира со. Суна-м х1инца хьалха дуьххьара хезича санна иштта ч1ог1а новкъа а дацара 1умарас йо1е дуьйцу мерза дешнаш. Со-м х1инца кхеташ вара сайн иштта йо1е къамел дан кестта аьтту хир боций. Ишколера ваьлчи кхин институте догдог1ийла а дацара, дукха дешаран т1ехь кхиамаш болуш а вацара со, жимма литературах кхетар, езар ца лерича. «Эскарехь ши шо дайъан дезара ду уггар хьалха, т1аккха цхьа корматалла 1амон цхьанхьа дешан деза. Болх бан волавелча а нанна, кегийрачу вежаршна г1одан деза. Сайн х1усама вовшахтуохан хенахь аьтто хир бац», – ойланаш йора аса ц1аьххьана воккха хилча санна. Ойланаша 1ехийна со-м ишколана дикка генаваьлла хиллера. Урокана горгали бекаш а аса тидам ца бира, цундела дикка т1ехьависина чувеира со классе. Сан декъаза ц1окана та1зар дан кечвелла хиллера тахана тхан классан куьйгалхо Иван Архипович а. Со классана чувахан не1аран т1ам лацан бен ца кхиира иза т1ехьа лаьцна ши куьг а долуш ехачу уьйчохь гучуволуш. Со классана чуиккхира, амма суна т1аьххье гучубелира Иван Архиповичан т1ехьахьаькхина сира месаш йолу хан теккхиа болу корта.