– Стенга дахийта? – доттаг1 улло кхочуш, ца кхеташ хаьттира аса.
– Селхана «суьйре» хиллалца ма 1ийна сой Турпалханний хьоьга хьожуш! Дицделла хьуна? – реза воцучу озаца, шаьш со воцуш ц1аг1ур доций хаийтира 1арбис а, т1евеъначу Турпалханас а.
– Вай ц1а доьлхуш ду-кх. Со-м вац цхьанхьа а шух ведда вахан г1ерташ а, вахан меттиг болуш а, – аьлла сапарг1ат даьккхира аса накъостийн.
Тхо 1аш долу юрт 1ашхой-Марта йоккха еха яра кхо-йиъ чаккхарма хир йолуш шен йохаллехь. Со 1енчура Малижаьрга кхачан мел к1езига а кхаоъ чаккхарма некъ бара. Аса ц1акхоччушехь, кхин т1ера х1ума хийцар доцуш, араяьккхира вилспет. «Х1ума кхалла!» – бохуш нанас т1аьхьа мохь а тухуш кевнах аратилира со. Стенга воьду? Х1унда воьду? Со кхеташ вацара, амма стенгга вахана а цхьанхьа ца ваг1ча сатуьйрдолуш вацара. Вилспет сиха хахкарна дуьхьала детталучу механ х1уоно мелла а г1оле йора суна, амма синпарг1ато ца лора. Цхъа суна гуш боцучу, амма ондачу ницкъо вуьгуш вара со, стенга ваха деза а оцу ницкъо хьоьхура суна. Когашца ч1ургаш аса хьийзош елахь а, вилспетан т1ам сан синкхетаман карахь бацара. Вилспетан сиха яхаро лерга уллохь махе шок йоьттийтура, к1адвалар х1ун ду ца хаьара суна.
Малижин ц1енна генавоццуш сецира со, х1инца-м хьажт1ера хьацаран т1адамаш хааделира суна юьхьт1ехула охьахецалуш. Хала саде1аро а гойтура, со сиха веъна хилар.
Малижа 1аш йолу ц1а-м дикка гуш дара суна, со суо луларчу кертан соннехь тебина латтахь а. Йо1-м яцара гучуйолуш, амма Малижин ц1а дара суна хьоме. Оцу ков-кертахь, оцу ц1ачохь хьалакхиина-кх иза, ма ирс долуш ц1а ду-кх и. Х1ора дийнахь Малижа хьоьстуш иза 1алашъеш цунна йовхо луш ду-кх и ц1ено. Со-м хан ларар доцуш дукха лаьттира Малижа 1аш йолчу х1усаме хьоьжуш. Суна-м сайна Малижа гича санна хетара. Иштта со кхузахь сарралц латтахь со-м нахала валан тарлуш дара. Ца лаахь а, сан ц1авахан дезара. 1умар санна багахь шера мотт а болуш иэхь х1ун ю а ца хууш со велхьара аса-м цхьа жима бер дахийтина Малижига схьакхойкхийтура яра. Ткъа схьакхайкхийтича а сан х1ун ду цуьнга ала? «Со корта боьжна тентиг санна веъна д1ах1оьттина лаьтташ ву-кх!», – ша ца алахь. Х1инца а со д1а ца г1ахь дехьа-сехьара ц1еношначура зударий, бераш дара сан тидам беш. Маликин керта кхин цкъа а безамца б1аьргтоьхна аса тхайн ц1ехьаерзийра сайн вилспет. Сан вилспет х1инца-м догцадог1уш меллаша йоьдура.