Малижа. Ч1ег1ардигийн т1емашца ирс! Берашна хаьржина дийцарийн гулар - страница 15

Шрифт
Интервал


– Ца хаа, цхьаъ дийр ду-кх. Кхана дицлур дац те цунна ша соьга хьедина дов? – элира аса.

– Дицлур дац хьаха цунна-м. Къена велахь а, корта дика болуш ву иза. Аса бутт хьалха дахьар ду аьлла фотокехат а ца дицделлера цунна, – элира Турпалханас.

– Цо х1ун до фотокехтах? – ца кхийтира со.

– Цо-м х1умма а ца до. Виталий Николаевич, физик ву-кх суьрташ дохуш, – кхетийра со Турпалханас.

– Т1аккха делан ахьа фотокехат? – хаьттира аса.

– Делир иттех кехат-м.

– Итт дуй муха хиира хьуна? Пачки чохь дацара уьш?

– Аса пачкийнчура схьа а даьккхина дагар дира иза-м.

– Серлонехьий!?

– Х1аъ.

– Дагар а дина д1аделира ахьа?

– Х1аъ. Пачки чу а дехкина.

Со г1адвахна велавелира. 1арби а хьаьжира соьга ца кхеташ.

– Серлоне даккхан мегаш ма дац фотокехат. Вай кораш къевлина 1аьржачохь стенна дохку суьрташдохуш? – дагадаийтира аса доттаг1чунна.

Х1инца сол а ч1ог1а воьлура ши к1ант Турпалханас диначух.

– Фотокехат а хьош ваг1ача х1ун дар техьа хьо а Иван Архипович волчу? – бегаш бора 1арбис.

– Мегар ду, цкъа хьалха Турпалханига дагар а дайтина хьура ду-кха, – воьлура со доттаг1ашца.

Амма кхана классан куьйгалхочуьнца къастамаш бан дезар-м дара сан дагчохь самукъадала ца дуьтуш.

1уьйрана ишколе со т1аьхьа ца вуьсуш д1акхаьчча, Иван Архипович вара борз санна чувоьдучу не1арна хьалхха даима а санна т1ехьа ши куьг а диллина лаьтташ. Со цунна ца гойтуш уллохула т1ехвалан вуьйлира, амма б1аьрг сирлачу хьехархочо со шена т1евийхира.

– 1уьйре дика хуьйла! – олуш улло вахара со.

– Нана йоцуш ишколе ма вола ца аьллера аса хьоьга? Хьан цамгар гена даьлла, кестта ишкола чекхйоккхуш экзаменаш д1аялан дезаш ву хьо. Оцу хьан цамгарна шун нене цхьа дарба ца лахийтахь ахьа ишкола чекхйоккхура яц. Схьайтал хьайн т1оьрмиг, – сан т1оьрмиг буйналоцуш ц1ехьа хьажийра со классан куьйгалхочо.

Дан х1ума дацара, воккхачу стагаца къийсавалар эрна дара. Эцца т1енисвелла 1арби, Турпалхан суна улло г1оьртича, уьш а ишколан чу лаьхкира хьехархочо.

Кисна куьйгаш доьхкина догдоьхна ишколан корашна к1елхула аг1онца д1абоьдучу г1ашлойн асфальтан некъахула кевнах аравалан д1аволавелира со. Ишколан кертара со араволу ринжа юьртана Малижеран аг1ора дара. Ринжи т1е со кхоччушехь, х1уьттарена санна суна дуьхьала дог1уш дара Малижий, цунна уллоиккхина вог1уш 1умарий. Аса тидам бира, шаьш урокашна т1ехьадуьсушшехь Малижийна корта т1ете1ош сихвелла цхьаъ-м дуьйцуш вог1ура 1умар вела а къежаш. Йо1 а яра ишколе сихялар гуш делахь а, кест-кестта къежаш. Ринжех со араволуш суна т1е1оттабелира уьш.