Забаре дийцарш миниатюраш. Дийцарийн гулар - страница 2

Шрифт
Интервал


– Вац дера со-м, аса-м 20 шо кхаьчначу хенахь бен ялор яц! – ден йиша сапарг1ата яьккхира 1аламас.

– Йоь1ан масса шо ду, к1ентан 18 шо хилча? – хаьттира ден йишас.

– 16 шо ду-кх. Бера а ду цера-м…

– Ткъа бера леладой цу шимма?

– Ца леладо дера, – цецвелира 1алам. Бера а, уьш кхоьа а цара леладо-кх.

– Хьан цара?

– Дас, нанас а, массо а гергарчара леладо-кх!


1адлан хьалхара классера дешархо.

1адлан дукха инзаре цецваьлла вара, х1окху школехь болх беш йолчу, ден йишас Заремас дуьххьара школе валийча, шен хьехархочо Амнатас куьйг схьалаьцча а, реза воцуш:

– Схьа ма леца сан куьйг! – бохуш.

Жимма хан яьлча, д1авуьйлира и шен хьехархочух, хеста а йора 1адланас Амнат Мовладовна. Хьалхара классера к1ант х1инца школах а д1авулуш вара, классера берашца ловзуш а хазахетара цунна, цхьа дагахь доцуш х1ума юкъа ца доьллехьара.

– Лоьраш бог1уш бу вайн школе! Мехий деттара долуш бу уьш! – хабар даьржира класса чохь.

1адлан воьхна хьаьвзира, дуьххьара дагадеънарг – «Вада! К1елхьара вала!» – дара.

Классера бераш а дара цхьадерш доьхна хьийзаш, цхьадерш самукъа даьлла, стенна делахь а, вуьш хиллачух ца кхетара.

«Вада!» – ойлано юьхьара лаьцначух тера дара 1адланан кхин д1а кхоллаелла 1алашо.

Марчош санна йолчу к1айн халатех а хьаьрчина лоьраш классана чоьхьа бевлича, 1адлан классехь карош вацара цханна дешархочуна а, хьехархочунна а!

– Бераш, тахана шуна мехий деттара дац оха. Шун б1аьрса а, аша мел дег1даьккхина а дустура ду оха, цхьа а сакхат дуй а хьовсура ду тхо шун дег1аца. Мегар дуй? Дика бераш дуй шу? – хабаре елира уггара лекха йолу лор.

– Ду тхо дика бераш! Аша мехий ца диттичахьана! – самукъаделира берийн.

Ша-ша хьалха вала а г1ерташ, бераша шаьш дустийтара, шайн сирла б1аьрса а гойтура, шаьш цхьа а сакхат доцуш дашон седа санна ц1ена бераш дуйла а гойтура бераша. Шадериг а дика д1адоьдуш дара, цхьана лоьро фамили ца яьккхинехьара:

– Фаргиев 1адлан!

Ткъа Фаргиев 1адлан вацара! Шадолу бераш гонаха хаьвсира, Амнат Мовладовна а хьаьжира гонаха, лоьраш а хьаьвсира, шайна и 1адлан жима волуш дуьйна вевзаш волуш санна. Амма 1адлан вацара, хилла меттиг а бацара!

– Бераш, цхьаннена а гирий 1адлан? – хаьттира хьехархочо.

Берийн вовшен ца девзаш, дуьххьара вовшен гуш долуш санна хьежар гича, кхеташ дара – 1адлан царна юккъехь ца хилар.

Парташна бухахь а вацара 1адлан, ишкапашна т1ехьа а вацара, хьехархо шен истолана т1ехьа а хьжира – цигахьа а вацара к1ант. Береш, хьехархо, лоьраш шайн к1ант лехар шордан буьйлира, амма шуьйрачу уьйчахь а вацара к1ант. Кхин а шордира х1окхара к1ант лахар, амма арахь а, ишколан гонаха дитташна т1ехьа а карош вацара к1ант. Дени бохуш волу 1адланан доттаг1 ца хиллехьара т1епаза вайна ваьллера 1адлан.