– Суна-м хаъа 1адлан стенгахь ву… тхо переменехь лечкъаргах ловзуш д1алечкъачахь хила веза-кх и, – элира Денис, куьйг а лаьцна Амнат Мовладовна д1а а озаеш.
Ишколан т1ехьа, котельни чекхйолучохь, керта йистехь ишколан директора д1аьвшен мотт берашна 1едало схьахоьцуш долу ахча лачкъо дагадеина, белхалой бехке беш ц1ог1не баьлла, хаза сурт хилла хьун санна г1ундалг1еш лестачу схьабалийра х1орш Денис.
– 1адлан, хьо кхузахь вуй? Гучуваьлла хьо, аравала! – кхайкхира Денис.
Б1аьргех хьоькхуш б1аьрхиша башабина буй а болуш, коьртара месаш т1ера дуьйна хечин когашна т1е кхачалца шавериг баь1ех а вуьзина г1ундалг1ешна юкъара аравелира миска 1адлан. Ша обарг санна лаца баьхкинчу берашка, лоьрашка, хьехархошка а хьаьжина, вада дагахь д1аволавелира к1ант. Амнат Мовладовнас куьйг а лаьцна схьаозийча, 1адлан дуьхьала г1оьртира.
Орцаха яьлла йеъначу ден йишас Заремас элира, г1уллакх кхин гена далале:
– 1адлан, ма г1олахь д1а! Хьо стенга воьду?
– Со воьдура-м ву! – дош раз а олуш, тохавелира к1ант.
– 1адлан, мехий детташ дац хьуна! – мохь туьйхира 1адланан орцаха даьхкинчу берех цхьамма.
1адлан, буйнаца б1аьрхиш д1аса а хьоькхуш велакъежира.
Классе чубаьхкира шаберш а. Лоьраш д1абуьйлабелира шайн болх бан. 1адлан д1аса хьожуш вара къайлаха, амма лоьрийн карахь маха хаалуш бацара. Бераш т1екхойкхуш лакхалла юстуш, б1аьрса муха ду хьовсуш бара лоьраш.
Эххара а 1адлан т1екхайкхира лоьро. Дег1ана лакхалла юста буха х1отта везара аннех бинчу бустамна. Т1ера шена у чу дужура долуш санна хьаьжина, шен дег1ана локхалла юстийтара 1адланас. Б1аьрса дика дуй хьовса а вигира 1адлан.
– Цкъа цхьа б1аьрг д1а къовлий, алал х1ара х1ун элп ду? – элпаш т1ехь долу у гойтура лоьро 1адланина. 1адлан, х1инца а дакъадаланза долчу б1аьрхишна юкъахула хьоьжура, цкъа цхьана б1аьрга хьоьжуш, т1аккха вукху б1аьрга хьоьжуш.
– Ца го хьуна? – хоьттура лоьро, жимма даккхийра элпаш а гойтуш.
– Ца го суна! Ва, ца го! Гура а дац, сайна ца лаъахь! – ша тайпа д1адийкхира 1адланас лоьрашна, шеца тахана цара йинчу харцона.
1адлана проект
1адлан кхоъалг1а классехь волуш «окружающий мир» предметан проект кечъян болх беллера. Компьютер а, Интернет а оьшуш болх бара и, ткъа и болх 1адланин ден йишина Заремина дика хуура бара, х1унда аьлча и ИКТ белхана т1ехь директоран г1оьнча яра.
– Тоьта, проект еш г1о оьшура суна, – г1о деха веънера к1ант.