Хьалимин Йага – Шимин Чора. Нохчийн а, оьрсийн а маттахь аналитикан, публицистикан белхаш (аналитико-публицистические статьи на русском и чеченском языках) - страница 3

Шрифт
Интервал


Кхозлаг1а хьаша, Гила, иза-м х1инцлера ун ду, цамгар хилла а ца 1аш. Цхьа меттиг бу дийцарехь Гила, цхьана геннарчу хенахь, мелла а делахь а г1иллакхах, оьздангалах хьакхалуш хиларан. Ша дика мелла а волуш, киснахь доллуш къаьркъанан шиша а долуш Йага волчу хьошалг1а кхаьчначу Гилас, и шен киснара къаьркъан шиша «чохь берашна ца гайта», олий пурхахь хьулдо. Амма и х1усамехь а, къаьсттина оцу х1усаман хьешашца а, оьзданиг к1езиг дуьйцу цо, ша бен кхин стагга а кху чохь воцуш санна. Вехна стаг, молуш волу стаг – иэхь а, оцу иэхьаца шен са а дайъина стаг ма ву. Ша схьаваре терра, бодано д1акхаьллича санна, къайла а волу иза, 1уьйрана х1усамден 1одика яр а доцуш.

Халчу хьешех лаьцна Йагас жам1 деш дош олуш чекхдолу дийцар.

«Йагин кхалхар» дийцарехь Йагас мелла а жоп ло Гила санна цомгуш нахах хиндерг гойтуш.

Ма вайн дай бацар-кха, къаьркъанаш муьйлий, тентагбуьйлуш, 1аьмнаш чу иэгаш, шайн хечеш яшош, лайла оьгуш, шайн бедарш бехъеш, шаьш г1орош лелла. Стенгара кхечи къомана кхераме цамгар, ун? Х1унда т1еийци вайн къомана векалша иза а, кхин а ц1ена доцург?

Шен стуншичийна зуда ялийнчохь сакъийрина базбелла корта бохьуш кхочу Йага, шен коьртана «дарба дан» кафе. Кхузахь дика гайтина авторо, вайн къомана хийра хиллехь а, х1инца вайн ц1ийх д1аиэн а гена йоцу алкоголхойн «барта кхолларалла». Йагас а, кхуьнан пурбанца х1ара 1аш волчу истолана гуонах д1атарбелла вукху кхаамо а, къаьркъанан 1аь юкъахьа хьаьвзий, сихха «гергало» тосу. Сих-сиха достучу къаьркъанан шишнаш чуьра, шайт1анийн ловзар санна, даьржа х1окхеран гуона юккъехь а сакъерадаларан сурт. Оцу суьрто 1ехавой, Йагас а олу кедан дешнаш (алкоголхойн кхуьуш йолу барта кхолларала) «Ма долийла синачу бай т1ехь ц1ен зезаг, ша мохе техкадойтур делахь! Ма молийла к1анта къаьркъанан стака, ша цуьнга леставойтур велахь!» И дешнаш «доттаг1аша» ч1ог1а безамца т1еоьцу, я хета иза иштта… Дукха дах-м ца ло и сакъерадалар а, шайт1анийн ловзар санна. Тиларчу вахча санна, маларо баьхьна корта истола т1е биллина 1уьллу Йага меттахвоккху, кафе чуьра ара а воккху. Х1инца оцу меттехь гойту Йагех дийцаран авторо, х1окхунах х1ун адам дина шишана чуьра шайт1ано. Ша мила ву а ца хаьа, стенгахь ву, стенга ваха деза а! Я цхьанхьа а ваха де а дац цуьнан, базбелла даш хилла корта, дазделла дег1! Къонах, нохчийн къонах вужу лайла, къонах аьлча а, къонахчух дисина сакхат! Шийлачу махкахь хийла и санна пекъарш бисина даиманна а оцу лайшкахь. Вайн махкахь иштта шийла ца хилахь а, иштта корта байъина стаг д1акхалла де доцуш-м дац и вайн 1а а. Делахь а вайн махкахь х1инца а дукха бисина доглазам болуш, адамаллех буьззина бакъ нохчийн къонахой а. Царех цхьаъ ву дийцаран турпалхо Асланбек а, цо лай бухара воккхий, шен хьаша во, некъан йисттехь 1уьллу Йага.