Йеха буьйсанаш - страница 15

Шрифт
Интервал


– Цул а, хьерадаьлла халкъ ду иза аьлла, доцца йаздинехь, – доккха садаьккхира Лорис-Меликовс, – кошо бен нисдийр доцуш.

«…Оцу амалшца йукъараллин зIенаш йоцчу нохчийн долахь массо тайпанчу зуламашний, мятежашний аьтто беш мохк бу. Йеххачу хенахь цаьрца тIом бина, цаьргара схьабаьккхина дуккха а мохк, кху сохьта вайн политикин а, йа стратегин а Iалашонашна цхьана а маьIне боцу баьсса, берзина Соьлжан аьрру агIонца болу мохк бу. Йуькъа хьаннаш а, Iаламан кхин дуккха а чIагIонаш йолу йерриг меттигаш нохчийн долахь йисина. Церан долахь ду Дагестанца зIе латтош долу Аргунан а, Ичкерин а округашкара лаьмнийн чIажаш, Iаьржачу ломан хьаннаш. Оцу меттигашкахь карадо обаргашна шайна кхерамаза туш.

Оцу хьолехь йолчу Нохчийчоьнера вайна кхерам ма-барра гучу графо Евдокимовс, Малхбале Кавказ къарйар чекх ма-деллинехь, Iаьржачу ломан когашкахула дIа вайн станицийн а, чIагIонийн штаб-квартирийн а керла лини йилларца, нохчийн аренашкара йарташ ламанца йолчех дIакъасто план хIоттийра…»

– ХIай-хIай! – корта а ластош, велакъежира Лорис-Меликов. – Дерриг а хьекъалениг шений, Евдокимовний йаздой-ц Карцовс!

«…Вай дан гIертачух кхеттачу нохчаша луьра дуьхьало йира. Ичкерински а, Аргунски а округашкахь гIаттам хилира, йерриг а хьаннашкахь обаргийн гIеранаш йаьржира. ГIаттам хьаьшира, къаьсттина бехкейолу аьккхийн, бенойн йарташ арен тIе кхалхийра, аьрстахошка дIахьедира Жимачу ГIебарта кхалхар. Графо Евдокимовс йуьхьарлаьцна и хала, амма вешан Iалашонна тIедуьгу доккхачу маьIне система сацамболлуш цо дIайахьар йукъахдисира иза Кубанан эскарийн командующи хIоттор бахьанехь. Цуьнан метта Теркан областан эскарийн командующи хIоттийначу инарла-лейтенанто эло Святополк-Мирскийс тIе ца лецира Евдокимовн система. Герзийн ницкъашца Нохчийчоь къарйан йеза хан дIайаьлла, нохчашца машаре дийцарш дан деза, уьш вайх тешийта беза, тIаккхий бен гуттаренна а церан дуьхьало соцур йац, бохура. Турце кхалхо гIебартой совца а бина, церан махкахь керла станицаш йохкур йац аьлла, нохчашна дош а делла, аьрстхошний, аьккхашний шайн йарташка йухаберза бакъо йелира цо. Эло Святополк-Мирскийс ойла ца йеш диначу оцу гIуллакхаша Владикавказан 2-чу полкан гIалгIазкхий а, нохчий а йоццачу хенахь а цхьаьна тарлур боцчу хьелашка хIиттийна. Хьалха ас ма-аллара, шен планаш кхочушйан воьллачу графо Евдокимовс лакхахь буьйцу нохчий лаьмнашкара охьа арен тIе кхалхо болийнера…»