Йеха буьйсанаш - страница 17

Шрифт
Интервал


– Цигара хьал-м шуна массарначул а дика хаьара суна, – барт туьйхира Михаил Тариэловича. – Цхьана дийнахь шайн тIеман кхиамаш хилчахьана, кхин тIаьхьалонан ойла ца йеш, тIенисбел-беллачу меттехь станицаш а, тIеман чIагIонаш а йехкина. Коьртаниг ца гина. ХIетахь кортошца ойла йан йезара, хьомсара государаш. Цхьа а низам доцуш туземцашна йуккъе баржийначу оьрсийн бахархойн ницкъ бац хIоьттинчу хьолана тIеIаткъам бан. ХIинца оцу Iовдалша кегийна худар ас даа деза. ЦIий а Iенош…

Дешна ваьлла кехаташ, деалха а тоьхна, оьгIазе конверта чу таIийра цо.

II корта. Дагахь доцу г

I

о

(Дешхьалхенан тIаьхье)

Зиэделларг ду, шайгара девлла зуламаш шайн карарчу Iедалан гIоьнца тIекхуьучу тIаьхьенах къайладахалур ду моьтту нах телхина хилар.

Корнелий Тацит

1

Михаил Тариэловичан ойланаш йукъахйехира тIулг хьажош тобиначу урамехула гергадогIучу говрийн ленаш тоьхначу бергийн татанаша. Иза хазза ладоьгIна а валале, йиллинчу гIопах чоьхьавелира дикачу дойшкахь герзах воттавелла йалх бере. Хьалха сирачу динахь вогIура хIокху махкахь хийла эпсар шех хьоьгу элдарчу дегIара, куьце хIирийн округан начальник инарла-майор Кундухов. Цуьнан некъахой бара виллина дIа цуьнца хуьлу воккхаха ваша Афако, кхин виъ йалхо а.

Каде динара а воьссина, кхин дIасахьажар доцуш, цIа чу волавелира Кундухов. Цо урх тесна йитина говр, йиэгa а йелла, бай тIе тIа детта йуьйлира.

Дукха хан йалале чувеанчу Лорис-Меликовн адъютанто Золотаревс, Кундуховс ша тIеэцар доьху, элира.

– Чувола ала, – кхоссар а йина, вусавелира Михаил Тариэлович.

Шаьшшиъ ший а кавказхо а, цхьана гуонан ши стаг велахь а, Кундуховга безам ца летара Лорис-Меликовн. И цабезам хила бух а ма бацара. Кундухов хьуьнаре инарла а, говза дипломат а, хIокху ламанан халкъашлахь лоруш стаг а ма вара. ХIетте а, цуьнга ладоьгIча, леррина хьаьжча, оцу арахьарчу куьцаний, хьекъалечу къамелний тIаьхьа шалхо хиларх шеквуьйлура. Амма империна дикка гIуллакхаш дина, Петербургехь йаккхий зIенаш йолуш а стаг иза хиларна, мел ца лаахь а, Кундухов лара дезара Лорис-Меликовн. TIe, дукха хан йалале xIapa берриг ламанхой гучуьра бовларе догдохуьйлаш хиларо дагна маслаIат а дора цунна.

– ОxI, сан хьомсара Муса Алхазович! Мича махо валий-те хьо со волчу!

БIаьргаш а, йерриг йуьхь а йекхайелла, Кундухов маракъовла санна, ши куьг дIаса а тесна, кегийра гIулчаш йохуш, цунна дуьхьалвахана, иза, пхьарс лаьцна, гIиллакхехь кIедачу гIанта тIе валийра цо.