– ХIаъ, Муса Алхазович, – корта хьовзийра Лорис-Меликовс. – Нохчий хIокху хьелашкахь битахь, машарей, синтемей догдохуьйла йац вайн. Амма кIелхьарвала цхьа ков доцуш хало а хилац. Йерриг Кавказехь вешан Iедал хIоттийна вай, Нохчийчохь а хIоттор ду.
– Бехк ма биллалахь, Михаил Тариэлович, амма, нохчий Жимачу ГIебарта кхалхо Iалашо йолуш, ахь хIоттийна план кхочушйалур йоцуш хета суна. Нохчийчоь шина декъе йекъар – иза йуха а цкъа тIамца дIалацар санна хуьлу.
– Дера, шайн лаамехь-м кхелхар ма бац уьш цига, – ойла а йина, тIетайра Лорис-Меликов. – ХIун дан деза ткъа?
Кундуховс даррехь жоп ца делира, командующин собар зиэн гIерташ санна.
– Дала аьтто бийр бу, – шалхе велавелира иза. – Герзан ницкъаца низам хIотталур дац вайга. Кхин некъ каро беза.
– Нах иэцаррий?
– Иза а бац тешаме. Церан ханаш а, элий а бац вайна бохкабала. Бохкалуш нах кIезиг карор бу нохчашлахь. Шен амал йолуш къам ма ду иза. КараIамозчу эмалканчул башха, дуьрста йезац цунна.
– Церан элий а, ханаш а цахилар дикахо хета суна, – ойлане корта хьовзийра Лорис-Меликовс. – Ойла йел ахь, мел къиза бара дагестанхойн ханаш. Таркхойн шамхало хIун дора шен ахархошна? ГIожмаш йеттара, бIаьргаш бохура, тIуьначу зинданаш чохь бахкабора. Кюрин Аслан-хана цхьа бехкбаьлла шенаш цIийдинчу эчигца морцура, лергаш дохура, баьшначу кортошна тIе кхехка даьтта дуттура. Шайн ахархойн зудабераш нохчашна говрех бухкура. Церан и акха гIиллакхаш буххенца, гуттаренна а дIадаьхна Россин культуро.
Кундухов цавашаре велавелира.
– Бехк ма биллалахь, хьан локхалла, Россехь ахархой Iаьржачу боданехь латтош хилар дицдо ахь. Вайша цхьа кавказхо хиларна, хьох къайле йац сан. Ермоловс Дагестанера ахархой «маьршабохуш», оьрсийн муьжгий бIозза халачу, къизчу хьолехь бара. Арслан-хана шен ахархойн йоIарий говрех бухкура, ткъа оьрсийн помещико шенаш иэрех хуьйцура. Массо газет къарздой хуьлура крепостной ахархой бохка-иэцарх йолчу рекламаша. Мичахь йара и акхаралла? Цивилизацин Россехь! Цигахь а иза хилча, ткъа Дагестанерчу ах-акха элашний, ханашний бехкбилла гIертар суна-м беламе ма хета, Михаил Тариэлович.
Кундуховн дуьхьало йоцуш хецаваларо цецваьккхинчу Лорис-Меликовс акъваьлла ладоьгIура цуьнга.
«Дерриг а схьа ца олу ахь, амма вуьшта гуш ду-кх хьан дагахьдерг, – леррина хьаьжира цуьнга командующи. – Лаа дац, «мел йузайарх, борз варша хьоьжу» боху оьрсийн кица».