Йеха буьйсанаш - страница 20

Шрифт
Интервал


– ХIета, хьо реза вац-кх кхузахь вайн правительствос дIахьочу политикина йа, вуьшта аьлча, цуьнан императоран воккхаллин лаамна? – хаьттира цо, шен ирачу хьажарца Кундуховн бIаьра а вогIавелла.

Кундуховс бIаьрнегIар а ца туьйхира.

– Айса государь-императорна тешаме хила биъна дуй, йоIбIаьрг санна, ларбо ас, Михаил Тариэлович. Лар а бийр бу. Амма суна оцу лакхарчара тхаьш адамаш лорийла а лаьа. Оха мел доггах гIуллакхдарх, тхо мел хьекъале делахь а, оцу вельможашна гергахь сой, со саннаршший шайн вежарийн цIий Iено «караIамийна акхарой» ду. ХIаъа-ткъа, ахчанах а, чинех а дохкалуш, иэцалуш долу.

Меллаша тIе а вахана, Кундуховн белшах дайн куьг туьйхира Лорис-Меликовс.

– Сан хьомсара Муса Алхазович, тIех цIий сиха стаг ву хьо. Барт бийр бу вайша: суна хIумма а ца хезна. Амма иштта дешнаш кхечуьнга олучух ларлолахь. Кхин а дика хир ду, и зуламе ойланаш ахь коьртера дIайаьхча. Сан даггара хьехар ду хьуна иза. Ткъа оцу хьокъехь суна хетарг хаа лаахь, со буххенца реза вац хьоьца. Цхьацца кIезигчу нехан зуламечу, къизачу йа сонтачу гIуллакхашца дуьстина, хадо ца беза халкъан, мехкан мах. Росси цивилизацин мохк бу. Лаахь а, ца лаахь а, xIapa ламанхой адамаллин историна дукхе-дукха гена тIаьхьабисина. Ах-акхачу гIиллакхашца, амалшца беха хIорш оцу боданера маьлхан серлонга баха хьурмате кхаж Россин баларх воккхаве со, дозалла а до ас. Амма иза, хьуний, суний ма-лаъара, сиха хир дац, хьомсара Муса Алхазович. Цунна дуккха а хан, къинхьегам а оьшу. Халонаш лан а деза. Хьайн харцахьара ойланаш а йитий, генна хьалха дIахьажал хьо.

2

Чувеанчу капитано Золотаревс йуккъехь масех кехат долуш папка хьалхайиллира командующина. Кехаташна тIехула йукъ-йукъа бIаьрг а тоьхна, даьржинчу хотIаца буха куьйгаш а йаздина, папка капитанна хьалхатеттира цо. Золотарев араваьлча, толаме Кундуховга хьаьжира Лорис-Меликов.

– ХIаъ, хьомсара государь, генна хьалха дIахьажа хьо. ТIаккха хуур ду хьуна, со бакълоьй.

Кундухов воккхавиэра долийна къамел дахдан аьтто нисбаларх.

– Со собаре цахиларна бехк цабиллар доьху хьоьга, Михаил Тариэлович, – элира цо, шен сихалла йуха а оьзна. – Уггар хьалха, ламанхо ву со. Ткъа цIий Iац шечуьнгахьа озабезам ца беш. И нохчий кхечу къомах белахь а, сан лулахой бу. Ас цаьргахьа уозарх иэхь дац, моьтту суна. Со тешна ву уьш къарбелла кIелсовцург цахиларх. Хьан план нийса йу, шеко йоцуш. Амма – кхечу къомаца долчу гIуллакхна хIоттийна йелахьара. Ницкъаца, къизаллица къарлур бац нохчий. Нагахь, хьуна ма-лаъара, уьш нуьцкъаха цигара дIакхалхо долахь, дукхе-дукха балхаме тIаьхье хир йу. Хьан плано шовзткъалгIачу шерашка йухадуьгур ду вай. Со тешна ву, хIетахь вайна нохчашца мотт бийца хиънехьара, оцу тIаьххьарчу ткъа шарахь лаьттина цIийIеноран тIом хилла хир бацарх. Изза гIалат йуха а далийта ойла йу хьан? Инарлегара Пуллогара масал ма иэцалахь, хьан локхалла!