– ХIораннан долахь йалх-ах эзар десятин дуй-те, моьтту суна.
– ХIай-хIай! Циггахь дIадоьллина и жIаьла! Элийн Алхазовн, Турловн долахь шишша эзар десятин, эластун Эльдарован – цхьаъ-ах эзар. Ткъа нохчийн эпсарша ЧермоевгIара, ШамурзаевгIара, КурумовгIара, кхин иттаннаша хIораммо а – шина бIенера ворхI бIе десятине кхаччалц. Важа, шайн долахь шина бIе десятин кхаччалц латтанаш долу совдегарш, молланаш, кхидолу кег-мерса цIубдарш-м хьехор а дацара вай. ХIета, нохчийн бохамна бехке цхьа гIалгIазкхий хилла ца Iа. ГIалгIазкхийн-м бехказло а йара. Уьш-м, нуьцкъаха балийна, охьаховшийна нохчийн махка тIе. Ткъа шун компанис, Муса Алхазович, шайн лаамехь дIа ма лаьцна ламанхойн мехкаш. Шайн вежарех цуьрриг къа а ца хеташ. Иэхь а ца хеташ. Нохчийн цабезам, мостагIалла а беккъа цхьана гIалгIазкхашций бен дац, моьтту хьуна? ХIан-хIа, хьомсарниг, кхузахь гIалатваьлла хьо. Нагахь нохчий гIовттахь, уьш толахь, цара уггар хьалха мийра шун компанина тухур бу! ТIаккха шайн поместьех девлла Iийр дац, сонтачу кортойх довла а мега. Сонтачу коьрто бен дийр дуй ткъа, российски пачхьалкхан бух ласто гIерташ, ахь ден къамел!
XIapa Лорис-Меликов Iаламат собаре стаг вара. Шен дагахь дерг лачкъо хаьара цунна. Кундуховна гуш ма дара оьгIазлоно кхехко цуьнан дог. Лорис-Меликовн метта кхин стаг хилча, стоьла тIе буй а бетташ, мохь хьоькхур бара цо, ткъа хIара сапаргIате ву. Вела а воьлу, забарш йеш волуш санна.
– Нохчех къахета, боху ахь? – дуьйцура цо, вела а къежаш. – ТIаьхьа ду, хьомсара государь! Ахь айхьа мел хIаллакбина уьш? ХIай-хIай, хьесап ца дало! Латта доцчу нохчех дог лозу? ХIета, хьо оццул адамалле велахь, лакхахь цIераш йаьхначу элашца а, керла кхоллабеллачу нохчийн помещикашца а барт бай, нохчийн латтанаш царна йухадерзаде! Аш шайн долабаьккхина мохк нохчийн лаххара а шовзткъе итт эзар доьзална логгелц тоьур бу!
Кундухов цхьаъ ала гIоьртира, амма инарла-лейтенанто, омране куьг а ластийна, сацийра. Шуьйрачу букъ тIехьа ши куьг тIекIел а диллина, кегийра гIулчаш йохуш, шозза-кхузза дIаса а волавелла, тIаккха Кундуховна уллохь а сецна, иза тешош тIетуьйхира цо:
– Хьо тIех дика инарла, амма кхин хилча ца маггал бIаьрзе политик ву, Муса Алхазович. ХIокху махкахь российски урхалла хIоттош, правительствос дикка гIалаташ дилийтина хиларна къера ву со. Амма, дерриг а схьалаьцна аьлча, правительствон политика йуьххьехь дуьйна нийса, импери Iалашйарна, шорйарна, чIагIйарна а тIехьажийна йу. Шайх Мансуран заманахь гIевттинчу нохчашна йа тIаьхьа кхечу ламанхошна а правительствос автономин урхалла деллехь, хIун хир дара? Полякашна, малороссашна, гуьржашна, эрмалошна, финнашна, кхеч-кхечарна а изза дезар дара. Уггар хьалха оьрсийн муьжгаша шайна маршо йалар схьахьедийр дара. Халкъаш а, адамаш а оцу тIе ма тоьтту тайп-тайпанчу революционераша, демократаша. Лакхахь дийцинчу бахьанашца, правительствон йиш йац империна чохь дехачу къаьмнашна а, халкъашна а йуккъехь барт а, гергарлонаш а хилийта. Правительствос хIинццалц схьа динарг, дийриг, ден дерг, империн йистошкахь колонисташ ховшор а цхьа Iалашо йолуш ду – хIокху крайхь а, кхечу йистошкахь а гуттаренна а, тIаьххьара а оьрсийн олалла чIагIдан. Къоман а, пачхьалкхан а хьашташ нохчашна, адыгашна, кхеч-кхечарна сагIина а декъна, импери йохо йиш йац. Къаьст-къаьстинчу адамийн дуьхьа – уггар а. И адамаш мел гениальни делахь а, уьш доцуш цаторуш делахь а.