Йеха буьйсанаш - страница 29

Шрифт
Интервал


5

Акхтарган дуькъачу гIашна йуккъехула схьаIийдалуш, диллинчу корах чу хьаьвсира дIабуза гIертачу маьлхан йуткъий зIаьнарш. ГIала а самайелира. Кундуховн некъахой а бара, шайн гIоргIачу маттахь вовшашца, тIаккха салташца къамел деш, забарш йеш, йукъ-йукъа чIогIа боьлуш. Цхьана йукъана цаьрга ладоьгIна, дIатийра ши инарла.

– ХIета, хьомсара Муса Алхазович, – вистхилира Лорис-Меликов, гIантан гIовлех букъ товжийна, куьйгаш стоьла тIе а дохкуш, – историн кIорге экскурси йина а вели вайша. Суна хетарехь, цунах лаьцна дискусси йан веана хир вац хьо?

– Бакъду и, Михаил Тариэлович. Айса деанарг доккхачу маьIне гIуллакх хета суна.

– Схьадийцал. ХIинца-м хан а йаьлла дикка.

Кундуховс, стенна тIера долор ца хууш, жимма ойла йира.

– ХIинцца чекхбаьллачу къовсамехь вайша цхьана барта тIе веара, моьтту суна, хьан локхалла.

– Масала?

– Нохчий иэшийна вай, амма къарбина бац. Нагахь къарбинехь а, машар хилла ца севцца. ЦIе йайна, амма овкъарш кIел йогуш алу йисина. КIеззиг мох ма-беллинехь, йуха а лата кийча йу иза. Наггахь цхьаццанхьа суйнаш а лелха. И алу йайъа долахь, тIаьхьало белхаме хирий-техьа?

– Цуьнан шеко йац.

– Нохчийчуьра хьал цхьа а къастам боцуш лаьтта. Цунах цхьа агIо йаккха Iалашо йолуш, ломан когашца йолу нохчийн йарташ цхьайерш Соьлжан аьрру агIон тIе, вуьш Жимачу ГIебарта а кхалхийна, мукъабаьллачу махка тIе гIалгIазкхий ховшо план йу-кх хьан?

– Хьо нийса кхетта.

– И нохчий дуьхьало ца йеш махкара дIабевр бу, моьтту хьуна?

– Бертахь ца бовлахь, ницкъаца бохур бу.

– ТIаккха шовзткъалгIачу шерашка йухадоьрзу вай.

– ШовзткъалгIа шераш йухадогIур дац. Ас ма аьлла хьоьга, хьалхалера Нохчийчоь дIайаьлла.

– Нохчашкахь ницкъ ларбелла тоъал. Цара дуьхьало йийр йу.

– Йеха йийр йац. Таханлерниг кхин зама йу, кхин хьелаш а ду. Хьуна дицделла, Муса Алхазович, Соьлжан, Теркан аьтту агIонна тIехь хIинца гIалгIазкхийн станицаш а, Нохчийчохь маситта тIеман чIагIо а хилар. Иза кIезиг ницкъ бац. Нохчийчоьнан муьлххачу а маьIIехь цIе латарх, шина-кхаа кIиранах йайъалур йу вайга.

– Нагахь нохчий, тIеман законаш а лардеш, бIаьхаллин низамехь вайна дуьхьалхIиттина латахь-м, кхо кIира а дукха хир ду. Цара и дийр ма дац. Даим санна, шайн доьзалшца лаьмнашкахь, хьаннашкахь къайла а бевлла, вайна дуьхьал партизански тIом бийр бу цара. Ткъа ишттачу тIамна цул говза а, каде а къам дац дуьненахь. ТIаккха, бохий ахь, кхаа кIирнах-м хьовха, кхаа шарахь а ларор дац вай.