Ас коьрта тиллина
Холхазан горга куй
ТIапанах хийца, бах
Паччахьан Iедало!
Дендайха дисина
Болатан ва герзаш
Сарагах хийца, бах
Паччахьан Iедало!
Соьцанна кхиъначу
Динара чувоссий,
ГIашсалти хила, бах
Паччахьан Iедало!
Сан вежарий байъинчу
Цу Делан мостагIийн
Лай хилий, саца, бах
Паччахьан Iедало!
Цаьрцанна охьавуьжуш,
Метта-мотт цхьаъ болуш,
Цхьана шуьнахь важа, бах
Паччахьан Iедало!
Сан Дала, хьарамйеш,
Ва суна йихкина
Хьакхарчий йаа, бах
Паччахьан Iедало!
Чорас наггахь бен ца олура илли. Ша ламаз-марха дика лелош велахь а, зуькаран мукъам ца бора цо. Йа, Iелина хетарехь, и ша хIинца эриг доцург, кхин хууш илли а дацара цунна. Амма гIоргIачу мукъамца цо илли долийча, хаа дара цуьнан кийра хьийзаш цхьа сингаттам хилар.
Гуо кхаьчча, стерчий а совцийна, хьаланисвеллачу Iелас регIан басешка бIаьрг туьйхира. Цхьа моллин Шахьбин а, ХортIин а кхаш тIера боцурш, берриг а ахархой, шайн готанаш дIа а хоьцуш, делкъе йан а, ламазна а кечлуш бара.
– Айза, ас стерчий дIахоьццушехь, хьуьн чу йалий, жимма хьонка баккхахьа, – дийхира цо зудчуьнга. – Нитташ хилча, дика-м хир дара. Хьан туьха дац, моьтту суна?
– Хьуна бохуш лелош, цхьакIеззиг-м ду. Деши санна, даздели иза. Герка туьханах гирда хьаьжкIаш йоьху ХортIас.
– Талу хилла, кийра хьаьвзийла цунна иза! – сардам боьллира Iелас. – Гирда хьаьжкIаш хилча-м, суна туьха а ца оьшура. Адамийн гIаддайча, Дала ло-кх цунна. Делахь, нитташ бахахьа. Хьо йухайаллац, ас берашка ладугIур ду.
Айза Iинехьа варша йисте йахара. Багах чопаш охкийна, Iеле хьаьвсира гIелделла стерчий. Шина стеран ира букъан сирташ, тIейевлла хенан маьIигаш, пIендарш, деттало чож гиначу Iелина къахийтира цаьршиннах. Дукъера баьлла и шиъ, бегабелла, бажа хIоьттира.
Озачу шина старана аха хала дара ирзо. Мацах цкъа Iелин дас Абубакара, кхузара пепнаш охьа а детташ, даьккхина иза тIаьххьарчу пхеа шарахь цхьа а йуххе ца воьдуш лаьттинера. Абубакар вийнера Iела дуьнена волучу буса. ТIамо хеназа баьхьна цуьнан воккхахволу ваша а, нана а, йижарий а. Доьзалх дийна висина Аьрзуй, Iелий виллина тIамехь вара, ткъа ирзо, xIapa тIаьххьара ши шо тIекхаччалц, гуонаха хьовза стаг воцуш, тIе керла, йуькъа хьун а йаьлла лаьттинера. ДIайаханчу бIаьста и къона хьун а хьаькхна, гоьргаш бух а йаьхна, латта охкуш йийра цара хьаьжкIаш, ткъа кху шарахь аха воьлча, орамаша новкъарло йора нахарна.