Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь - страница 10

Шрифт
Интервал


Кутин дахаре ларамза кхаьчна адам дацара Заза. Алдыра хорачочун Ульбин йоI Заза обарг Зеламхин маьхча йара. Ульби – Зеламхин дещича вара. Хазаллица шен бIаьрг бузош йолу къона йоI Кутина дуьххьара гира ша Зеламхица Алды веанчу хенахь. Жималлехь ЦIака олуш хилла йолу Заза йокхха меттиг дIалецира обарган синтем бойначу дахарехь, ткъа дукха хан йалале цуьнан кхерчара цIе латош, обарган хIусамнана а хилира цунах. Нускалан цIе хийца дийзира, хIунда аьлча ЦIака цIе йолуш Кутин гергара стаг йара, ткъа нохчийн Iадатехь марзхойн цIе йаккха магийна дац несаршна. Заза сиха йоьллера шен керлачу цIарах а, керлачу доьзалах а. Цхьа хан йаьлча Зазин доьзалан а дезар ду Алдыра Довта-МартантIе сехьабовла. Алдыхь дов даьллачу хенахь, Ульбин вашас Бенара ши ваша вийна хилла, амма чевнаш хилла ша а дIакхелхинера иза. Нохчийн Iадато ма-бохху цу доьзалца гIиллакх латтош, йуьртах бевллера УльбигIар.

Гергарчаьрна хаьара Кута цIахь хилар, цундела цуьнан паргIато ларйеш, ха деш бара Кутин шичой Эска а, Джама а. Нагахь санна кхерам хилча, сихонца цуьнан гIо даккха а, иза ларва а кийча бара къона ламанхой. Цундела ма ца лаьара Кутина цIахь дукха хан йаьккха, шен гергарчарна а, накъосташца а ша бахьанехь зулам ца хилийта.

ХIара суьйре боккъалла а цхьа шатайпа йовха йеара обарган доьзалехь, ткъа иза хазйинарш бара Цацин жималлин дагалецамаш.

– Мегар дуй со чоьхьайала? – хаьттира Цацас, кIентан неI тухуш.

– Ва дер мегар ду! – сихонца маьнги тIера гIоттуш, нана чуйалийра Кутас.

Шена тIаьхье, берийн бераш а дахкош, чоьхьайелира Цаца. Обарган чоь йоккха йацара. Цхьа кор керта хьоьжуш дара, ткъа важа божалина чу даьккхина дара, Кутин говран са ца гатдалийта. Кора йистехь лаьттара тIетиссина кхакханаш а долуш, дечиган маьнги, ткъа цунна улло беа кога тIехь лоха стол. НеIарна дуьхьал лаьттара доккха тIорказ а, масех гIант а. КIеда йолче шен нана охьахаийтира Кутас, цуьнан букъа тIехьа гIайба а буьллуш. НеIсагIехь эхь хеташ лаьттара бераш.

– Хьамид, чоьхьадовла шу а! – кхайкхира берашка Кутас. Дас аьллачух хилла доза доцу хазахетар ца лечкъош, чоьхьавелира Хьамид а, Ремид а, ткъа царна тIаьхье Бакали а. Меллаша чоьхьайаьлла, Цацин когашка охьалахйелира Заза а. Кутина гуш дара шен дагна безначийн йаьххьаш тIехь йолу нуьре серло. Ма чIогIа сагатдина хилла цара кхунна. Кхуьнан сих а, дегIах а хьаьрчира цхьа шатайпа йовхо, шерашца кхо сатийсина хилла синпаргIато. Кху шатайпа сарахь кхийтира Кута ирс бохучу дешан дуьззинчу маьIнах.