Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь - страница 9

Шрифт
Интервал



Суртан автор Дикаева Янина

Безаман кхоллам

I

Ши кIира даьллера Кутас къеначу Шоптакхан говраш йухайерзийна. ХIинца обарг шен доьзалца хан йоккхуш, Довта-МартантIехь вара. Ма-дарра аьлча-м иза цIахь хуьлуш а вацара. Стиглахь маьркIажен бода баржарца нийсса, араволура иза луларчу йарташкара а, кIотарашкара а шен накъостий болчу хьошалла дан.

ВаларгтIера аьккхи лор Элмарза волчу а кхечира Кута, шен чов цунна гойтуш. Иштта масех де даьккхира обарга СемаIашкара шен зумсой вежарий болчохь а. Дуй биъна вешица Котар-Йуьртара нашхо ГIирмахаца цхьаьна Йоккхачу АтагIара Тамаев Аюб волчу а вахара Кута, масех де Шелахь а даьккхира. Иштта кхечира дай баьхначу Уьшкхала а. Ма хаза бара Даймохк, ма цIена, ма ирсе, ма сирла хетара обаргана ша кху лаьттахь йоккхуш йолу хIора а гIулч. Бекхаман новкъахь, халкъан чIир оьцуш, хийла Кавказан лаьмнаш толлура цо, амма кхузахь санна цхьа тамашийна мерзачу лазамо ца хьулдора дог. Синтем бойначу кху нохчийн ломахь ма дехара обарган синтем лоьхуш долу са…

Цаца реза йацара кIантана, цо доьзалца хан кIезиг йоккху бохуш.

– Ва Кута, хьан кIентий баккхий хилла. Цхьа жимма мукъне а царна а кхачийта хьо! Царна а оьшу хир ма ду хьоьгара гIо. Уьш-м хьоьх дагабовла, хьан хьехаршка ладогIа сатесна ма бу. Айхьа кху къомана ца кхоош йолу йовхо, тхуна а кхачийта жимма. Хьоьх хьоьгуш, хьо гаре сатесна ма ду тхо, ткъа хьо чувоьрзуш а вац! – йелха озалуш, неIсагIе йахара йоккха стаг.

Кутин дог Iевжира. Ша боккъалла а бехке хийтира цунна доьзална хьалха.

– Нана! Сан дика нана! КъинтIера йалалахь суна. Кху чолхечу дахаран беза мохь бу ас хьан белшашка божийнарг. Хьайн къоналла а, хьайн дерриге а дахар а суна лерина хиллачу ахь, хIинца хьайн дахарехь йаьккха йиссина хан сан берашна дIайелла. Боккъалла а ма бехке ву со хьуна хаьлха – марайоьллира цо нана, цуьнан йерриге а йовхо шен сих а, дегIах а хьарчош. Ишта бара обарган дахаран чолхе некъ. Халкъана, къомана, Даймахкана цо ца кхоийначу безамах а, йовхонах а хьоьгура цуьнан сих баьлла доьзал а, хIара вина нана а.

Кутас сацам бира цхьа кIира цIахь даккха. Ма боккха кхаъ бара иза обарган доьзална. ХIора сарахь шайн деца пхьор дар, шайна дуьненан Iаламат гар санна хетара Кутин берашна. Кута хьешашка хьоьжуш вацара, цундела Хьамида дIакъевлира кевнаш. Могашалла дика тайелла, цIентIехь дезарш деш йара Заза а.