Кхин цхьа хаттар а хIотта тарло берашна: жима долчу хенахь (бекъа, эса, кIеза, кIорни долчу хенахь) стенах девзар ду кхетам болу а, боцу а дийнат? Кхечу дешнашца аьлча: мича билгалонца «майралла-кIиллолла» хIотто мегаш йара, майралла хьекъалх, кIиллолла сонталлех а дузуш. Амма тIаккха а хIутту хаттар: и муха къасто деза? Ткъа цу кегийчу муьрехь дийнатийн майралла-кIиллолла церан «къехкарца» къастайо. Уьдуш, цхьанхьа дIалачкъа гIерташ хуьлу кIиллониг. Акха хуьлу. Аьрха хуьлу. Хьастар, цахьастар девзаш ца хуьлу. Сихха куьйгах дулуш, караIемаш хуьлу. Цундела жимачу дийнатан хьекъалан барам адамашца йолчу уьйраца буста тарлуш ду.
1
1920-гIа шо ду и. Сан цхьайтталгIа шо долуш. ЖIаьла далийра тхуна тхан хьешаша Iаьндоша. Дикачу хIух ду, эли. Ши шо а дузанза кIеза ду, тов. ЦIе – Гуржи йаний.
Онда бIотIа йара «кIеза», бодане-цхьогалан басахь. Йерстинчу говраниг санна бара чо: боца, шера. Когаш беха бара, цергаш йаккхий йара. Берзаниш санна. Ирча хеташ стомма муцIар а йара, амма ши бIаьрг хаза бара. Жимма боккхо а болуш, бодане-боьмаша басахь нисбелла ши бIаьрг бара. Дукха сема, безаме хьажар а долуш. Амма лергаш тедда дара. ГIуллакх доцуш тедда а долуш! ЦIога а дацара. Йоцца цхьа тхьум бен.
Чувахна, йоккха сискалан йуьхк а эцна, тIеваха со «кIезана»: «Гуржи, Гуржи», – аьлла. Беха некъ бина, дукха мацделла хиллера Гуржи.
ЦIенош тIехьа беша а даьккхина, ден нанас дов дешшехь, кхин-кхин а йаахIуманаш а кхоьхьуш, дажий ас Гуржи. Баккхийчарна къайллаха ког-куьг хьокхий, хьаста а хьостуш. Цу дийнахь доттагIий хили тхойша. Бегашна а доцуш. Вовшийн ган са а гатлуш. Вовшийн дагара а хууш.