Читать Гуржи - Магомед-Салах Гадаев

Гуржи

На данной странице вы можете читать онлайн книгу "Гуржи" автора Магомед-Салах Гадаев. Общий объем текста составляет эквивалент 10 бумажных страниц. Произведение многоплановое и затрагивает разнообразные темы, однако его жанр наиболее вероятно можно определить как пьесы и драматургия. Книга была добавлена в библиотеку 08.02.2024, и с этой даты любой желающий может удобно читать ее без регистрации. Наша читалка адаптирована под разные размеры экранов, поэтому текст будет одинаково хорошо смотреться и на маленьком дисплее телефона, и на огромном телевизоре.

Краткое описание

"Гуржи" – повесть известного чеченского поэта, писателя, драматурга и учёного Магомеда-Салаха Гадаева посвящена дружбе человека и собаки.

Книга Гуржи онлайн бесплатно



Дешхьалхенанметта


Дагахь кхоьллина а доцуш, билггал хилладолу хIуманаш ду кху тIехь дуьйцуш дерш. Уьш бераллехь хилла хIуманаш долу дела, берашна дуьйцуш а ду, баккхийчарал а дика бераш кхетар дуйла хууш.

Бакъду, дерриш а-м кхетар дац бераш. Хьайбанашца, жIаьлешца, цицигашца доттагIалла ду дуьйцуш дерг. Цхьадолу бераш и тайпа доттагIалла девзаш дац. Мелхо а, «мостагIалла» ду церан жIаьлешца, цицигашца, хьайбанашца, олхазаршца. Хьозанан бен бохош, цициг лазош, жIаьла Iехош, цунна къайлаха тIулг-гIорза тухуш сакъерало церан. Къиза дегнаш хилар ду иза. Къиза дог – вон дог ду. Воккха хилча а, иштта вон дуьсуш хуьлу и тайпа бераш. Дукхахьолахь. Бакъду, воккхахилча «лачкъо» хьийзадо шен вон дог. Нахана гучохь «культурни» хила а гIерташ. Амма берахьлера деган къизалла, дIа ца йаьккхина къизалла, гуттаренна а йуьсуш йу.

И деган къизалла (деган волла) йан а йоцуш, хIора а садолчу хIуманах хета къа а долуш, бецан хелиган а бан тIалам а болуш долчу берашна девзар ду дуьйцуш долу доттагIалла. Амма цхьа кхин ду: хьайбанашца, жIаьлешца, цицигашца, олхазаршца доттагIалла хир дац моьттуш долу бераш нисдала тарло къинхетаме дегнаш долчарлахь а. Баккхийнаш а хуьлу и моьттуш. КIезиг а ца хуьлуш. Ткъа иза деган къизалла а йоцуш, доттагIалла таса цахааро хIоттош сурт ду.

Хаттар хIутту: кIорггера хаамаш, йаккхийра говзаллаш оьший техьа хьехош долчу дийнаташца доттагIалла тасархьама? Ца оьшу. Хьастар бен, кхин хIума ца оьшу. Хьастаме кхиъна эса шина аттах декхна, олуш ду. Ша хьаьстича, ца хууш дийнат дац. Вай хьехош долчарлахь. Лаххьийна коьртан хье дIабаьккхича, хIумма а ган ца го, хаза а ца хеза жIаьлина бохуш, дуьйцу И.П. Павловс. Амма, букъа тIе куьг хьаькхна, ша хьоьстий хаалой, цIога ластадора ишттачу жIаьло, бохуш. Оццул боккха ницкъ болуш хIума йу и хьастар бохург. Цундела олуш ду: мерзачу дашо Iуьргара лаьхьа баьккхина, хазачу дашо лам биъна.

Амма хьекъалш (кхетамаш) цхьатерра ца хуьлу дийнатийн. Цхьанатайпана долчийн а. Адамаш санна, сонтанаш а хуьлу. Цу сонталлица йозуш къизалла а, кIиллолла а йолуш. (Оцу «къизаллех» «акхаралла» аьлча нийсахо хир ду.) Кхеташдерш а хуьлу.

Масала, цхьаццадолу жIаьла берашна, зударшна леташ ца хуьлу. Йа кертахь а, йа арахь а. Керта богIучу божаршна а ца лета, нагахь кертара стаг (хIусамда) арахула велахь. Керта вогIушверг цунна гуш велахь. Кхетамболу дика жIаьла ду и. Ткъа Iовдал жIаьла и хержамаш болуш дац. ХIусамда арахула велахь а, «дIадала» бохуш, мохь бетташ велахь а, чукхийсалуш хуьлу керта вогIучунна – боьршачунна а, зудчунна а, берашна а. Охьа а дуьллий, хьекха а до бер. Амма вукху, берана ца леташ долчу, жIаьлех атта кхера а ло.


Читайте также
Перед вами сборник стихотворений Марины Гавриловской. Здесь собраны стихи о временах года, о любви к Родине, патриотические стихи и другие.
Франшиза на тему преступного города сен бонитос, размышления на тему испанских сериалов о мести и любви. Сен бонитос – злой город в котором творятся с...
В данном сборнике собраны лучшие авторские стихотворения за весь творческий период, поскольку пишутся редко. Некоторые были написаны на заказ, но наде...
Не терпит муза суеты,Когда рождаются стихи.От слова к слову, строчка к строчке,Ложатся тексты на листочках,Чтоб чувства выразить души.
"Вер-витар" ("Месть") – драматичный рассказ известного чеченского поэта, писателя, драматурга и учёного Магомеда-Салаха Гадаева.