Нохчийн маттахь 100 до1а - страница 2

Шрифт
Интервал



3) -ХIай, сан Дела, суна а гечде Ахь, сан дена-нанна а гечде Ахь, сан хIусаме веанчу Хьайх тешаш волчунна а гечде Ахь, Хьайх тешаш болчу божаршна а, зударшна а гечде Ахь.


4) -Тхан Дела! Оха лелош дерг тхоьгара къобалде Ахь; бакъдолуш, Хьо хезаш а, Хууш а ву-кх.


5) -ХIай, сан Дела! Ламаз деш хилийта Ахь со а, сан тIаьхьенах берш а; хIай, тхан Дела, сан доIа къобал а де Ахь.


6) -Тхан Дела! Гечде Ахь суна а, сан дена-нанна а, хьайх тешаш болчарна а барт хоттур болчу дийнахь.


7) -ХIай, сан Дела! Суна кхетам а ло Ахь, дикачу нахах со дIа а тоха Ахь. ТIаьхьарчарна юкъахь со хаза хьехавеш хилийта Ахь. Ялсаманийн ни1матах ирс оьцур болчарах а ве Ахь со. Адамаш г1овтор долчу дийнахь, сийсаз ма ве Ахь со та1зар дарца.


8) -ХIай, сан Дела! Дикачу нахах хир волу доьзалхо а ло Ахь суна.


9) -Тхан Дела! Керста нахана тхох питана ма де Ахь. Тхан Дела, тхуна геч а де Ахь, бакъдолуш, Хьо нуьцкъала верг а, хьикмате верг а ву-кх.


10) -Сан Дела! Айхьа суна а, сан дена-нанна а деллачу ниIматашна Хьайна соьга шукар дайта а, соьга Хьо реза волу дика Iамал яйта а аьтто бе Ахь сан; Хьайн къинхетамца Хьайн дикачу лех дIа а тоха Ахь со.


11) -ХIай, сан Дела! Суна Хьайна гергара дика тIаьхье ло Ахь, бакъдолуш, Хьо доIа хезаш верг ву-кх.


12) -ХIай, сан Дела! Со суо цхьаъ ма вита Ахь т1аьхье йоцуш, Хьо уггар диканиг вуьсур верг ву-кх.


13) -Хьо воцург кхин дела вац, сийлахь-цIена ву Хьо массо сакхтах, бакъдолуш, со зулам динчарах хилла-кх.


14) -ХIай, сан Дела! Сан дог паргIатдаккха Ахь. Сан гIуллакх атта а де Ахь. Сан меттан шад а дIабаста Ахь, уьш сан дашах кхетийтархьама.


15) -ХIай, сан Дела! Ас айса-сайна зулам дина-кх, гечдехьа суна.


16) -Тхан Дела! Ахь доссийначух тешна тхо, Элчанна тIаьхьа а хIиттина тхо, ткъа Ахь яздехьа тхо Хьо цхьаъ хиларца тоьшалла деш болчаьрца.


17) -Тхан Дела! Зуламе болчу нахана питана ма хилийта Ахь тхох. Керста нахах Хьайн къинхетамца кIелхьара а даха Ахь тхо.


18) -Тхан Дела! Гечдехьа тхуна тхан къиношна а, дозанал тхо тIехдовларна а; чIагIбехьа тхан ницкъ гIазотана, гIо а дехьа тхуна керста нахана дуьхьал.


19) -Тхан Дела! Тхуна Хьайн къинхетам ло Ахь, тхо нийсачунна т1енисдалар атта а де Ахь тхуна.


20) -Сан Дела! Iилманца совваккха Ахь со.


21) -Сан Дела! Хьоьца ларло со шайтIанийн вочу ойланех. Хьоьца ларло со уьш сайна герга дахкарх а.