Читать Нохчийн маттахь 100 до1а - Хьусайн Сайд-Селиман к1ант

Нохчийн маттахь 100 до1а

На данной странице вы можете читать онлайн книгу "Нохчийн маттахь 100 до1а" автора Хьусайн Сайд-Селиман к1ант. Общий объем текста составляет эквивалент 15 бумажных страниц. Произведение многоплановое и затрагивает разнообразные темы, однако его жанр наиболее вероятно можно определить как религии / верования / культы. Книга была добавлена в библиотеку 21.03.2025, и с этой даты любой желающий может удобно читать ее без регистрации. Наша читалка адаптирована под разные размеры экранов, поэтому текст будет одинаково хорошо смотреться и на маленьком дисплее телефона, и на огромном телевизоре.

Краткое описание

ХIара жайна чIогIа пайде ду бусалба стагна муьлха хенар иза валахь а. Бусалба стаогна даима олшу до1наш ду х1орш, датима цо деш хила деза до1наш ду х1орш. Х1ар до1наш дарца Далла герга вуоду бусалба стаг, Дсалла хьастало, т1аккха Дала цунна жоп дала герга ду.

Книга Нохчийн маттахь 100 до1а онлайн бесплатно


Составитель Хьусайн Сайд-Селиман к1ант


© Хьусайн Сайд-Селиман к1ант, составитель, 2025


ISBN 978-5-0065-5908-0

Создано в интеллектуальной издательской системе Ridero

НОХЧИЙН МАТТАХЬ

100 ДО1А

ДО1 ДАРН ДАЗАЛЛА

1-Аллах1а аьлла Къуръан чохь:


«Аш Соьга деха, Аса шуна жоп лур ду».


2-Пайхамара (Аллах1ера салават а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:


«Лекхачу Аллах1ана до1анал сийлахь цхьа а х1ума дац».


3-Пайхамара (Аллах1ера салават а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:


«Лекхачу Аллах1ана до1анал сийлахь цхьа а х1ума дац».


4-Пайхамара (Аллах1ера салават а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:


«Уггар г1орасиз верг, до1а ца далуш верг ву».


– Пайхамара (Аллах1ера салават а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:

«Муъмин стеган герз до1а ду».

– Пайхамара (Аллах1ера салават а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:

«Аллах1а шух милла а шега до1а дар т1ехь нисвича, Аллах1а цунна Шен къинхетаман не1арш д1айоьллу».

ДО1 ДАР

До1а хьайггара, муьлххачу кепара дан мегаш ду. Хьайна хуъучу кепара. До1а дар бохург, дехар бохург ду. Вай лахахь б1е до1а хьахийна Къуръан чохь а, Пайхамаран суннатехь а хьахийна долу. Х1ара до1анаш дар деза ду. Амма х1орш бен, кхидерш ма де бохург дац иза. Делахь а х1ара до1анаш Элчанаша а, Пайхамарша а, Делера салам хуьлда царна, дикачу наха а деш хилла, дуккха а пайде х1ума чулоцуш долу дера, хьуна совг1атна гулдина вай х1орш.

Х1ара до1анаш 1аьрби маттара вайн матте даьхна ду, царах пайда алссам хилийтархьама вайна, х1унда аьлча, ша дечу до1анах кхеташ хилча цунна ойла алсам т1ейоьду, дог алссам т1едоьрзу, Дела алссам дагавог1у.

До1анаш дукха ду, уьш дерриш ца до вай, цундела царах уггаре коьртаниш харжа г1оьртина вай, кхечу до1анашкахь долу х1уманаш чулоцуш долу.

Кхачамболлуш кхочуш хиллий-м хаац вайна и болх, амма ницкъ кхочучу барамехь хьовса-м хьаьвсира вай.

Х1ара до1анаш б1е (100) до1а бен дац, дукх дац уьш, итт-пхийтта минотехь дешна вер ву. Амма кхеран чулацам ма боккха бу, х1орш дарца Веза-Сийлахь Дала духатуху зенаш ма даккхий ду, ма дукха баккхийчу баланех хьалха воккху Веза-Сийлахьчу Дала х1ара до1анаш деш волу Шен лай.

КЪУРЪАН ЧУЬРА А, СУННАТЕРА А

ДО1АНАШ

1) -Тхан Дела! Оха тхайн синошна зулам дина-кх, нагахь Ахь тхуна геч а ца дахь, Ахь тхох къинхетам а ца бахь, тхо эшамехь болчарах а хир ду-кх.


2) -ХIай, сан Дела! Со Хьоьца ларло айса сайна цахуург Хьоьга дехарх; нагахь Ахь суна геч а ца дахь, Ахь сох къинхетам а ца бахь, со эшамехь болчарах хир ву-кх.


Читайте также
Кайлин потерял свою первую любовь, Элору, в трагическом и необъяснимом происшествии. Поглощённый воспоминаниями, он не может отпустить её образ и прод...
Этот рассказ стол участником опен-колл «Прочитано» в сборнике «Лиминальность». Переходные состояния, когда что-то «уже не», но и «ещё не» в любом проч...
Название этой повести может стать понятным лишь в процессе ее чтения. В основе сюжета лежит ситуация, который может произойти с каждым. Однако в резул...
Перерастет ли детская симпатия главного героя в нечто большее во взрослой жизни или останется теплым воспоминанием беззаботного лета? Перед вами расск...