Сан б1аьрса шу ца гуш мегаш-ма дац!
Алахьа тешамен доттаг1а, Куьйра,
Даьгна д1адаьлча сан деган бехк буй!
Мелла хаза лепаш ю х1ара дашон суьйре…
Ва Куьйра, аса дуьйцург хьо хезаш вуй?
Куьйра.
Ма вала дакъаза сан доттаг1, Леча!
Хьан дагна дарба цу хин йисттехь ду.
И тулг1е Башламан цу дагах хьерчаш
Ша санна шелъелла, бос сирла ю.
Сихонца хьадалахь тулг1ена йистте,
Мехкаршка дехалахь и шийла хи.
Безамех кхехкачу цу дагна сихха
Мелла а синтем бан дарба ду и.
Дарба-ма шийлачу хих хилан деза.
Ца хилахь дарбанан жимма а мур,
Мехкаршна юккъера харжа цхьа зезаг,
Делора безамо дог тодийр ду!
Леча.
Мехкарий-зезагаш, г1ерта-те кхарда,
Хьекъалах телхин-те доттаг1чуьна мотт,
Мехкарех хир ду ткъа и молха-дарба,
Уьш бахьанехь догуш ду безамах дог!
(Дог а лаьцна цомгуш стеган кеп х1иттайо)