– Вало, арадолу вайшиъ, охьахиъна 1ийна когаш лацабелла сан а, – олуш голашна т1е куьйгаш г1ортош хьалаайъелира Реб1ат.
К1ант-м гуттар а хазахета ша воллучохь буьхьиг санна ирх кхоссалуш, ловзаволуш хьалаиккхира. Сиха паднарна т1ера чуиккхина ц1е санна сиха т1екхийтира и шен кегийрачу берийн калошна. Дукха сихваларна шина калошна цхьана когаш чуг1ортийна когауьйзира цо.
– Ялол хьо! Суна т1аьхьах1оттал хьо! Ас гойтур ду хьуна ас хьо 1еха ца йойла! Хьо-м сох теша йоллуш а ма яций! – бабина хьалха чура араитилира к1ант.
1уьйре т1ехъиккхинчу хенан аьхкенан бовхачу малхо нийсса не1арна дуьхьала боьрзуш эсала хьаьстира жима к1ант а, цунна т1ехьа араяьлла баба а, цуьнан буткъочу марана т1ехь 1охку кьуьзганийн б1аьргашна чохь ловза а болуш. Жимчу к1анта-м кхин тергал а ца бира къежина г1адбахна малх. И сихонца д1ахьаьдира лохачу ц1енон уьйченна доьг1начу дуккха а кегийра куьзганб1аьргаш долчу шина корана хьалха ц1енна дохала кет1арчу ринжина т1екхаччалц боьхкинчу жаг1ийн готтачу г1ашлойн некъана асийна т1ехула. Юьйцина йинчу кертана юккъехь кевна х1оттийначу деххачу з1арийна уллохь тишачу аннийн юьхигех динчу ринжех ара а хьаьдда кет1ахь сецира Сайд1али, баба сихха шена т1аьхьа едда схьа ца ярна цецволуш вуха а воьрзуш.
Бабас-м маьлхан сий дира, шен хебаршка яхна юьхь йовхачу з1аьнаршка кховдийна йох а йойтуш. Жимма соцунг1а хуьлуш иштта лаьттина йолаелира и шен хене хьаьжича дукха каден кет1ахь шен йоь1ан к1ант собар кхачийна шега хьоьжуш лаьттачу метте.
Кет1ахь-м дан а дара нийсса х1окхеран кевна хьалххахь тарахтарна т1аьхьатесинчу ехачу аьчган салазан т1ера охьадассош стаммийн, дукха нийса а, деха б1ог1амий. Б1ог1амий-м чкъурах ц1андина, шардина, т1ехула т1е онда мазот а хьаькхина ч1ог1а хаза кечдина дара.
– Хьажал хьо! Гой хьуна? Хьо ца тешар, ас вайна б1ог1амий деъна аьлча а! – везавийра к1ант, х1инца-м улло еъна охьадассочу б1ог1амашка хьоьжуш лаьттачу шен ненан нанна.
– Ой, уьш-м вайна деъна даций. Ма хьекха мохь, нахана а хозийтуш, – к1ант кхетон г1оьртира баба, шен мерана т1ера куьзганаш схьаэцна шен къорзачу зезагех юьззина йолчу шуьйрачу кучан кисана а духкуш.
– Т1аккха, вайна деъна дацахь, уьш вайн кет1ахь х1унда дассош ду цара охьа! – халахетарца хьаьрчинера жимчу к1ентан юьхьанца хилла хазахетар.
– Уьш пачхьалкхан б1ог1амий ду. Цхьана х1умана дассош ду уьш кхузахь. Цхьаъ ян доллу кхузахь 1едал, – кхетон г1ертара баба жима к1ант.