САЙДIАЛИ. (берашна дийцар) - страница 3

Шрифт
Интервал


Амма Сайд1али-м х1инца гуттар а карзахваьллера. Карзаха муха ца волу, гуш лаьтташехь, х1окхунна шайна деъна моттаделла б1ог1амаш х1окхунна мила-х1ун ду а ца хууш долчу цхьана 1едало шена дассош хилча кхеран кет1ахь. К1анта-м тоххарехь шен ойланашкахь ша оцу б1ог1амех ден долу г1уллакхаш а лоьруш дара. Шегара шен б1ог1амий оцу 1едало д1адаьхча санна новкъадаьллера жимчу к1антана х1инца. «Эх1, и тарахтор санна воккха а, ницкъа болуш а велар-кха со! Ас гойтур дара хьуна т1аккха-м оцу 1едал бохучунна, сан кет1ара б1ог1амий хьедан мегар доций!» – ойла хьаьвзира к1ентан жимчу коьрте.

– Де дика хуьлда хьан, Реб1ат! Ас, хьо гергарло долуш хиларна, х1окху шун к1ет1ахь дассадойту х1ара б1ог1амаш, – бабиний, к1антаний улло г1оьртира белхалойн духар дуьйхина шуьйрачу дег1ехь волу х1инцца жималла д1аиккхина волу цхьа стаг.

– Ой, Ахьмад, хьо ву и? Диканца дукхавехийла хьо а. Х1умма а дацара и-м. Бехкен х1ума дац. 1едалан некъ ма бу х1ара. Ткъа хьо 1едалан стаг ву. Б1ог1амаш охьадассийна ваьлча чувола, хьайн накъостий а балош. Ас х1инцца кхехкон чай т1ех1оттор ду, кхалла х1ума а кечйийр ю, – г1иллакхе елира Реб1ат.