РАМЗАН ШКОЛЕ ВАХАР. (берашна дийцар) - страница 3

Шрифт
Интервал


– Нан-н… Суна чуван лаьа… Хьажахь…, – шен карахь 1уьллу полла нене схьауьйхьира жимчу к1анта.

Нана йоьхна лаьтташ гича, вуьйхира к1ант а. Велха лиира цунна ч1ог1а, жимма батт а озийра цо, амма ца велхавалора. Ненан б1аьргах хин т1адам хьаьдира, бесне т1ехула лара а юьтуш.