РАМЗАН ШКОЛЕ ВАХАР. (берашна дийцар) - страница 2

Шрифт
Интервал


– Ой! Схьавола ца боху аса хьоьга! Со оьг1аза ма яхийта! – собар кхачадалар хоийтура нанас.

– Хи-и, хи-хи! – бохуш воьлуш поллана т1аьхьа уьдура жима к1ант, нанас дуьйцург цхьа лерг ухьуш, ша сема велахь а.

Ша цхьаъ шен к1антий кхобуш йоллучу жимчу зудчо наггахь, собар а кхачадой, х1инца к1ентан карахь бериг санна, буткъа сара узура к1ентан настарех. Жима хан юкъаялале юха ша а 1ара нана даккхийра б1аьрхиш а эгадеш.

Жимчу дег1ахь яра жима зуда, ц1ера арадаьхначохь мацалла а, хало а лайна хилар дара цуьнан бахьана. Х1окхеран дех йисначу кертахь, даьтта санна хьеначу латта т1ехь-м д1айийна х1ума хьекъана т1ейолура. Ша жима йо1 йолуш лайна мацалла дага а оьхуш, хьанала къахьоьгура Зийнас х1инца шен кертахь: хьаьжк1а, кхоь, ц1азам – ца лелош х1ума яцара цо.

Жимма воккхахилча, накъост хир вара нанна жима к1ант Рамазан, амма х1инца а дукха жима вара и нанна улло а х1оьттина г1одан. Делахь а нанас бохург а ца дина, ша и елха йича, шен настарех кхетта сараг а бицлой, цунна улло а воьдий, цуьнан пхьарс шен кегийрачу беран куьйгашца мара а къуьйлуш т1етебий 1ара.

Ц1аьххьана ловзаваьллачу к1анта лестош болу сараг кхийтира поллана, хьаьвзина жима можа кема санна т1ек1ела а буьйлуш, можачу Баппа-зезагна улло буьйжира и.

– Э-х1ей! – экха дожийначу иччархочун ц1ог1 хьоькхуш чухьаьдира жима к1ант бацалахь лазоро къиза хьовзийначу поллана.

«Экха» метта а деъна т1ома а даьлла шех дедда к1елхьара даларна кхеравелла «жима иччархо», айдинчура шен «герз-сараг» охьа ца дохийтуш, кхин а эшахь т1етоха кийча волуш теббина улло вахара поллана. Чевно лозийна ницкъа эшна делахь а, шена чов йина мостаг1 улло веъча цунах кхерабелла делахь а, полла тебаш д1атийра. Шена «экхано» дьухьалло йийра ю моьттина т1емлочун дог-ойла йолуш т1евеъна жима к1ант цецволуш соцунг1а а хилла висира. Буйнахь айбина лаьтта сараг, буй бостуш, охьабахара, улло бацала охьабуьйжира. Шен буткъа ц1ег1а басахь болу беран п1елг бахбина-а улло бехьира, меттах ца болуш 1уьллучу поллана, п1елг меллаша д1ахьакхабалийтира. К1ентан п1елго жимма д1ахилор доцург, полла меттах ца хьовра. К1ант д1а-схьа хьаьжира, нене аг1ора вирзира, г1одоьхуш санна. Полла меллаша, лозорна кхоьруш санна, караийцира, керан юккъехь д1анисбира, чубожарна кхоьруш. Х1инца бацара можа полла маьлхан з1аьнарш ловзош, баьццара буц, сийна стигал, к1айн мархаш санна, х1аваэхь т1емаш даржийна хьийзаш санна хаза. Жима к1ант ца кхетара х1ун хилла, амма ша динарг вон дуйла тусаделлера цунна. Малх мархашна т1ехьа баьлла д1алечкъара ц1аьххьана. Велха дог дог1ура Рамзанан, стенна делахь а! Зийна а лаьттара, шен к1антана даьтт1а дог а дицдина, 1адийча санна.