Довта мартана чохь лийчар. Къонах маца хуьлу (берашна дийцарш) - страница 2

Шрифт
Интервал


Къовсам – дуьненахь шаболчу боламан юьхьиг! Бераллехь дуьйна къанале кхаччалца къовсамехь ду адам. Къовсамехь тоьлларг ву адмашлахь лоруш верг, вевзаш верг. Вовшен т1аьхьа ца виса г1ерташ кхо к1ант д1ахьаьдира Мартанан тог1и чу боьдучу готтачу урамехула татолана уллохула. Ган еза Мартанан тог1и, цуьнан чам баккха: берийн ловзарш, хин тулг1еш зезагашца, бецашца ийбача бен хила йиш яц и чам. Кестта гучубелира Мартанан берд, лахахь шуьйра тог1и, тог1и йоькъуш Мартанан керчаш тулг1енийн аса. Бераш бердайистехь цхьана минотана севцира оцу дуьненан 1аламан суртан мах хадон. Амма сихонца д1аийра оцу дуьненан ялсманийца цхьа басарш хилла. Зевне декачу Мартанан тулг1ешка а, церан серло-м берийн б1аьргашна чохь гора, амма къовсаме девллачу берашна х1инца мехалла дериг цхьаъ дара – толам. Ткъа толам цхьатера ницкъа болчу къовсамхошкахь товш бу: кхузахь дерш пхоьалг1а классе девла бераш – х1инца амал машарен т1ег1ане ерзонза даьржинчура юхадерзанза буьрса Марта! Дуьхь-дуьхьала нисбеллера юхабевра боцу къовсамчаш: Довта, Маса, Мента – вукху аг1ора – Марта.

– Дукха шийла мукъна дуй техьа х1ара хи? Хьовсий вай т1ера х1уманаш д1а а яхий чу кхийсадалале? – деганза элира жимма дог к1еда волчу Ментас.

– Х1а-х1а, х1умнаш т1ера д1а а яьхна, ц1аьххьана хина чулелха деза вай! – ша вуха вер волуш воций хаийтира Довтас.

– К1ентий, цкъа чу ког 1оттий хьовсий вай? Довта, хьо стохка моссалг1а майхь лийчира дуьххьара? – машарен аг1о лаха хьаьжира Довтас аьллачунна шавериг а реза воцучу Масас.

– Со-м э-э, дага-м ца дог1у суна… Х1а-а дагадеира суна! Со ткъалг1а майхь лийчар-кха! – дагадеира Довтийна.

– Гой хьуна! Ткъа тахана моссалг1а май ду вайна? – карийра ала машарен дош Масийна.

– Массалг1а? – ца кхийтира Довта.

– Тахана вайна кхоъалг1а май бен дац! – доггаха ц1ог1 элира Масас.

– Х1ун ду ца хилча? Х1ара дог1уш Марта а ду, лийча даьхкина вай к1ентий а ду! – б1аьргаша суйнаш туьйхира Довтийн, т1ера коч д1аяккха тоха а луш.

– Цхьа, ши к1ира д1а а далийтина юха даьхкича дика хетара суна… Шуна муха хета? Реза дуй шу? – шена а эрна олуш хеташехь, элира Ментас.

– Шуна хезний, вайн юьрта йистера бешахь шпанка олуш йолу хьалха ц1ен луш йолу баьллаш хилла олуш. Цига г1ой вай? Х1ара Марта-м цхьанхьа а г1ура дацара. Эцца цхьана, шина дийнахь, вай баьллаш д1аластаешшехь, хи а дохлура ду, – х1иллане цхьа б1аьрг хьабба а беш хьаьжира Маса.