Дуьххьара де дара каникулаш йолаелла! Мента х1инца йоьалг1а класс чекхъяьккхина ваьллера. Шуна ма мотталаш, х1ара школе оьхуш хазахеташ вац, йа дешан ца лууш ву. Ментин цхьаъ а «кхоъ» дацара йоьалг1а классехь! Делахь а, каникулаш т1еяьхкиний: б1аьсте, аьхке эрана д1аяхийта оьшуш ма даций. Малх мел хаза къежара, эвла йисттера Марта мел хаза лепара, Ментин накъостий мел реза бара каникулаш эрна д1а ца яхийта. Х1ан, вуьйцуш лаьтташехь вог1уш ву хьуна царех шиъ: Довтий, Масий.
– Ахьа бохура Мента х1инца а г1аьттина хир вац, х1ара лаьтташ верг мила ву! – Ментина хазийта г1ерташ элира Масас.
– Аса-м ца элира и г1аьттина хир вац, вижина а хир вац и бохура аса, шен фантастика йоьшуш, – д1адерзийра Довтас.
– Аша шимма х1ун леладо са а тасалий волавелла лелаш? – бегаш бира Ментас.
– И дитийша, дан х1ун до вай, х1окху хазачу дийнахь? – хаттаран хьаьрк хилира дош сиха Маса.
– И х1ун ду, х1ун до вай бохург! Х1окху шарахь Мартана чохь лийча ваьхьинарг мила ву? – элира, даима а дов дагахь волчу Довтас.
– Х1утосург беттан юккъе а ца бахача, хьалхе ду. Дац ткъа? – Масига г1о доьхуш хьаьжира Мента, доттаг1ашна ша кхеравелла моьттуш.
Х1ора шарахь болар сиха Марта б1аьстенан юьххьехь шен аьрха амал йовзитуш массийтаза дистина дог1ура. Баккхийнарш а ларлуш, кегийнарш а ларбеш шай ма хуьллу 1алашбеш кхерамен дара аьрха Марта. Бумтане жимма хьалаваьлча гена доцучу лаьмнаша шайн букът1ера лайш дешначу юкъахь гойтура Марта х1ун экха ду! Орамашца бухах дохуш пепнаш чутекхош, бердаш чу херцош, дуьхьала дала цхьа х1ума доцуш, охьахецалора Марта! Амма б1аьста йовхоне йирзича, лаьмнашкара лайш дешина а девлла зезагаш лепаш полларчашца ловза девлича, Марта а шен амалца хийцало. Ша адамашна бинчу цатамана бехке доьдий, хьасталой, сирлачу тулг1еца эшаре доьрзу. Амма лаьмнашкахь лайх мотт хьоькхуш йакхийна кхиина Мартана тулг1еш сихачу боларца аренга хьаьдича а лайн чомехь хуьлу. Къоначу мартанхойн оцу ша санна шийлачу тулг1ешца къовсуш чахчайо юьхьенца къонах кхиавеш йолу амал.
Мартанан сийлахь тог1и! Хийла бералла гина хьуна, хийла к1ентий кхиина оцу тог1и чохь: Мартана йистехь, Мартана сирла тулг1еш хьоьстуш, буьрсачу буру хьийзочу айманашца къуьйсуш.
– Со-м вухавоьрзура вац оцу шийлачу Мартана чохь лийча а ца луьйчуш! Суна т1аьхьах1отта ша майра вериг! – ц1ог1а хьаькхира Довтас!