Лараме бусалба нах! Ден ненан уггаре йоккха 1алашо – шен доьзал ийманехь кхиор хуьлу. Царна диканиг 1амадан, вочух уьш гена баха а. Ткъа царех уггаре доккханиг доьзалхочо ламаз дар ду. Берана жимчохь ловзий бен ца лаьа. Хала белхаш ца деза цунна. Амма иза кхиа доладелча дуьйна цунна дин хьехар т1ехь ду дений, нанний. Хьекъалца, хьикматца, собарца, сих ца луш. Ткъа берана ламаз хьехар д1адоладе аьлла цуьнан ворх1 шо кхаьчча дуьйна. Цул хьалха а ца хьоьхуш дита бохург дац иза. Беран ша х1ума йаа 1емича аьтто куьг аьррочух къастадеш, йа ша ц1ано йан 1емича цунна дин хьехар д1адоладар т1ехь ду дений, нанний. Амма ворх1 шо кхаьчча илла а билла а т1ехь ду иза цу шинна. Ткъа муха марз дийр ду цара берана ламаз дар?
Дас нанас итт х1ума лардарца берана ламаз марзлур ду Дала мукълахь.
Дас нанас шаьршшимма ламаз деш масала гайта деза берана. Бер шена гонахьа долучу массо х1уманна т1аьхьа долу, цунах тардала хьожу. Цундела шен чуьрчара деш дерг дан дола ло иза а, цаьргара масал оьцуш. Цундела, ч1ог1а коьрта ду да нана шаьршшиъ ламаз деш хилар, доьзалхочуьнга ламаз де алале. Шаьршимма ламаз деш д1агайта деза цаьршимма берана, т1аккха бер цаьршиннах масала эца долалура ду, шега х1ума аьлла а доцушшехь.
Да нана Веза-Сийлахь Дела хьехош хила деза, т1аккха церан доьзал а царех масал эца болалура бу.
Амма доьзална гойтуш масал доцуш деккъа цаьрга ламаз де бахарх г1уллакх хир дац. Церан хан хьехар д1алоцу хан йац, церан хан т1ехьдозу хан йу. Церан хенаца дог1уш дерг деха деза ахьа цаьргара, церан бераллийца ца дог1уш дерг а ца доьг1уш.
Да нана шайн доьзал ламаз деш хилийтар доьхуш Веза-Сийлахьчу Деле до1 деш хила беза. Аллах1е беха беза цара шайн доьзал. Уггаре хьалха Веза-Сийлахьчу Далла т1етовжа деза да нана, т1аккха цаьршимма бер 1амош лелочу бахьанашах беркат хира ду.
Веза-Сийлахьчу Дала къуръана чохь Ибра́х1ийм Пайхамарас, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, шен доьзална дина до1а хьахийна. И до1а деш хила деза да нана, Веза-Сийлахьчу Дала шайн доьзална ламаз марзадархьама.