Лараме бусалба нах, йисинчу зудчух а, буоберах а къа хеташ хила деза вай. Царех дог лозуш, царна г1о деш, цаьрца бала кхочуш.
Пайхамара, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла:
«Йисиначу зудчунний, мискачу стагний т1ех1оьттинарг (цаьрга хьожуш) Аллах1ан некъахь муджа́х1ид санна ву».
Оццул веза волу муджа́х1ид санна ву-кх йисинчу зудчуьн а, мискачу стеган а хьаште хьожуш верг.
Вайн махкахь воккха 1елам стаг хилла волу Соип моллас, Аллах1а къинхетам бойла цунах, шен хаьнт1ехь шаьлта лелош хилла. Цуьнга хаьттина:
– «Х1ай Соип молла, шаьлта х1унда лела йо ахьа, хьо воккха 1елам стаг ву, хьуна шаьлта ма ца оьшу».
– «Йисинчу зудчуьнций, буобераций вон хила лиъначунна тоха леладо аса х1ара шаьлта, – аьлла Соип моллас».
Шена йисинчу зудчуьнан а, буоберийн а хьакъ девза дела, уьш ларбар деза долу дела, царна оьшучохь орцах вала лелош хилла цо шаьлта. Хьажа цуьнан хьекъале, кхетаме, иймане. Ма ч1ог1а оьшура вайна цуьнгара санна ийман а, кхетам а, хьекъал а.
Шаьлта лела йе бохург дац иза, амма йисина зуда, буобер лара де бохург ду.
Воккха султан хилла волу Сала́хьуддийн Айю́бий, Аллах1а къинхетам бойла цунах, ц1ийнда велла зуда йисина аьлла шена хезча, цунах къахетий маж йашшалц воьлхуш хилла иза. Хьажа, ша оццул воккха т1емало воллушехь, воккха баьчча воллушехь, воккха къонах воллушехь муьлхха а бусалба зуда шен ц1ийнда д1авьалла йисича воьлхуш хилла-кх иза, цунах къахетий.
Султан Сала́хьуддийн а, Шейх Соип молла а, уьш санна берш, иштта хилла-кх и къонахий йисина зудчух а, да д1аваьлла бисина буонах а къахеташ, царех дог лозуш, царна сагатдеш, царна шайга далуш долу г1уллакх деш.
Веза-Сийлахьчу Дала царех тердойла вай. Уьш санна къонахий дойла Цо вайх а. Божарех а, зударех а. Дала Шен диканца са дохийла вай. Дала толам лойла вайн бусалба вежаршна Фалестинехь г1азотехь лаьтташ болу. Дала йуьхь1аьржа х1оттавойла церан мостаг1. Веза-Сийлахьчу Дала къинхетам бойла «амийн» аьллачух.
Субхьа́накалло́х1умма ва бихьамдика, ашх1аду алла́ила́х1а илла́ анта, астаг1фирука ва ату́бу илайка.