Читать Б1АЬРГАХ ХИ ДАЛЛАЛЦ ВЕЛА ЛО. АДАМИЙН ДАХАРЕРА САМУКЪАНЕ ДИЙЦАРШ - Хьусайн Шовхалов

Б1АЬРГАХ ХИ ДАЛЛАЛЦ ВЕЛА ЛО. АДАМИЙН ДАХАРЕРА САМУКЪАНЕ ДИЙЦАРШ

На данной странице вы можете читать онлайн книгу "Б1АЬРГАХ ХИ ДАЛЛАЛЦ ВЕЛА ЛО. АДАМИЙН ДАХАРЕРА САМУКЪАНЕ ДИЙЦАРШ" автора Хьусайн Шовхалов. Общий объем текста составляет эквивалент 20 бумажных страниц. Произведение многоплановое и затрагивает разнообразные темы, однако его жанр наиболее вероятно можно определить как современная русская литература. Книга была добавлена в библиотеку 09.08.2023, и с этой даты любой желающий может удобно читать ее без регистрации. Наша читалка адаптирована под разные размеры экранов, поэтому текст будет одинаково хорошо смотреться и на маленьком дисплее телефона, и на огромном телевизоре.

Краткое описание

– Самукъане доца дийцарш.– Хаза чулацам болуш ду.– Баккхийчарна а, кегийчарна а дог1уш ду.– Кху дийцарш хьекъал а, кхетам а ло.– Кхара хьекъалан мах бовзуьйту.– Ойла я 1ама во.

Книга Б1АЬРГАХ ХИ ДАЛЛАЛЦ ВЕЛА ЛО. АДАМИЙН ДАХАРЕРА САМУКЪАНЕ ДИЙЦАРШ онлайн бесплатно


© Хьусайн Шовхалов, 2020


ISBN 978-5-4498-3346-4

Создано в интеллектуальной издательской системе Ridero

Хастам бу Далла, 1аламаш кхиош-кхобуш волчу, Ша халкъана деллачу ни1матех хьекъал динчу, адамана даха кхетам беллачу, адаман самукъадалар дика лаьрра Волчу.

Делера салават а, маршалла а хуьлда вайн Пайхамарна Мухьаммадна а, цуьнан асхьа́башна а, церан некъа т1ехь мел волчу стагана а къематде даллалц.


Х1ара жайна> (1>) кечдар бахьана – иза бусалбачу нехан хьанал долчу х1уманца самукъадаккхар а, хьекъалан хам хаар а ду. Х1ара дийцарш боккъалла а адамийн дахарехь хилла ду. Х1орш дешарца адамийн мелла а самукъадаккха лиънера суна, х1унда аьлча, адамашкахь сингаттамаш дукха бу. Ткъа юкъ-кара х1ара жайна доьшуш хилча, сингаттамечу б1аьргара долучу хин метта самукъадаьлла, велаваларан хи дала мега цуьнан б1аьргех.


Кху дийцарша кхин а пайда ло вайна – иза хьекъалан хам хаар. Х1унда аьлча, х1ара дийцарш хьекъал к1езиг долчу, г1опал болчу нахера дийлина х1уманаш ду. Ткъа цара 1амаво хьо х1уманан ойла ян. Кхетам, хьекъал Делера доккха ни1мат хилар гойту.

Х1ора адам шех нах боьлу х1ума даланза дац. Иза массаьрца долуш ду. Цхьаволчуьнца к1езиг хуьлу, цхьаволчуьнца дукха хуьлу. Ткъа иза хьехадар, дийцар, царех кхардар дац, мелхо а самукъадаккхар, ойла яр, кхетамехь са валар ду, бусалбачу динна дезаш х1ума ду.

Дала самукъадоккхийла хьан!


Шовхалов Хьусайн

(Сайд-Селиман к1ант Хьусайн)

Электронный адрес: adab31@mail.ru

Инстаграм: chitai_eto_polezno


9 июнь 2019 ш.


САМУКЪАНЕ ДИЙЦАРШ

1.Цхьана стага кочахь т1ийригна т1е тесна лелош даь1ахк хилла.

Цуьнга хаьттинера:

– И х1унда лелайо ахь?

Цу стага аьлла:

– Со вайча нахана со каравайта лелайо ас иза.

Т1аккха цхьана буса иза вижина волуш, наха цуьнан кочара схьа а

яьккхина, цуьнан вешин коча тесна хилла иза. Самаваьлча шен кочахь

хилларг шен вешин кочахь гича цо элира шен вешига:

– Х1ай, сан ваша! Хьо со ву, ткъа со мила ву? – аьлла.


2. Цхьана стаге хаьттина:

– Хьайн вирана ц1е х1у тиллина ахь? – аьлла.

Т1аккха цу стага шен вирана т1е а вахана, цуьнан цхьа б1аьрг а баьккхина

элира:

– Цхьа б1аьрг берг аьлла ас цунах.


3. Цхьана стага хаьттина шен к1анте:

– Вай рузбанан ламаз муьлхачу дийнахь дира?

К1анта ойла йина жоп делира:

– Шинара> (2>) дийнахь.


4. Цхьана стаге аьлла:

– Ибн 1умарх лаций дийца тхуна.

Цу стага аьлла:

– Из вара мекх д1адошуш пхьаьрсан к1елонаш гучуйовллалц.


Читайте также
Новый мир, новые возможности, новая жизнь. Вот только как же без родных и близких тебе людей?
Примечания автора: НЕ гендер-бендер! НЕ слэш и НЕ фэмслэш!Оригинальный юмористический детектив с эл...
Главная героиня, истосковавшись по командированному мужу, откликается на его приглашение и, едва закончив неотложные дела, приезжает аки жена декабрис...
… – Это совсем не просто. Контролировать свои мысли – самая тяжелая работа из всех, известных мне, – дракон на мгновение замолчал, – наверное, поэтому...
Книга о сути жизни. О том, как человеку найти счастье в этом мире. Как стать успешным в жисни. Как быть приятным людям, в чём секрет этого.
Кху жайно гойту:Ялсамани Делигара эца езаш хилар.Ялсаманин мехах нийса кхетар.Ялсамани мах боккха а, хала а ца хилар.Ялсамани доггаха езначеран масалш...
Х1ара жайна х1ора бусалба стагна а, йо1на а оьшу жайнан ду. Х1ора х1усамехь хила дезаш жайна ду х1ара. Х1ора бусалба к1антан а, йо1ан а хаа деза Iилма...
– Яах1ума яаран г1иллакхаш;– Яах1ума яаран нийса куц;– Берашна а, баккхийчарна а яах1ума яа 1амор;– Яах1ума яарехь хьарам дерг;– Вовшахкхеттачохь яах1...
– Хьижаб фарз ду— Хьижаб дохар деза 1ибадат ду— Хьижаб лаладарн йоккха ял ю— Зударий беза хилар— Зударийн сий дар— Хижаб лела цадарн бахьан— Бусалба д...