Читать ХЬИЖАБ 1ИБАДАТ ДУ - Хьусайн Шовхалов

ХЬИЖАБ 1ИБАДАТ ДУ

На данной странице вы можете читать онлайн книгу "ХЬИЖАБ 1ИБАДАТ ДУ" автора Хьусайн Шовхалов. Общий объем текста составляет эквивалент 25 бумажных страниц. Произведение многоплановое и затрагивает разнообразные темы, однако его жанр наиболее вероятно можно определить как современная русская литература. Книга была добавлена в библиотеку 09.08.2023, и с этой даты любой желающий может удобно читать ее без регистрации. Наша читалка адаптирована под разные размеры экранов, поэтому текст будет одинаково хорошо смотреться и на маленьком дисплее телефона, и на огромном телевизоре.

Краткое описание

– Хьижаб фарз ду— Хьижаб дохар деза 1ибадат ду— Хьижаб лаладарн йоккха ял ю— Зударий беза хилар— Зударийн сий дар— Хижаб лела цадарн бахьан— Бусалба дино зудчун дина сий— Хьижабан нийса куц

Книга ХЬИЖАБ 1ИБАДАТ ДУ онлайн бесплатно


© Хьусайн Шовхалов, 2020


ISBN 978-5-0051-8566-2

Создано в интеллектуальной издательской системе Ridero

ДЕШХЬАЛХЕ

Бисмиллах1иррохьмарниррохьийм


Хастам бу Аллах1ана 1аламаш кхиош кхобуш волучу, Делера салават а, маршалла а хуьлда Цуьнан пайхамарин Мухьаммадан а, цуьнан ох1лана а, асхьабашна а, цара лелийнарг леладеш церан некъа т1ехь мел волучу бусулбачу стагна а.


Боккъалаъ, уггаре бакъ долу къамел Сийлахь-Везачу Аллах1ан жайна (къуръан) ду, уггаре дика нийсо Мухьаммадан нийсо ю, уггаре вуо белхаш динехь юкъ дехнарш ду, динехь юкъ мел деккхина х1ума бид1ат ду, т1къа массо бид1ат тиллам бу, т1къа массо тиллам жоьжахат чохь хира болуш бу.


Лараме бусулба йиша!

Х1ара жайна хьуна яздеш ду ас, Дала хьуна т1едиллина долу хижабах нийса кхетам хьуна бовзийтархьам. Тахана дуккху бусалба йижаршна хьижаб цхьан баланах тера хета, Дала цхьа хал дина т1едиллина х1ума санна. Цундела, бусулба зудчо иза ца леладарн бахьана ду, шена цунаха цхьа гатто хуьллу моттар, «ша цхьан халачу х1уманна къел тоьтту моттар, ша дуьненах къайла йоккху моттар, ша „мо́дах“ юкъах йоккха моттар, ша „къан беллачу зударех“ д1атарош ю моттар, ша шена атта долучу кепара лела ца юьту моттар», иштта кхидолучу а бахьанашна вайна хозийтучу т1е ца духу цо иза.


Тахан ламаз ца дечу зудчуьнга ламаз де аьлча, цхьана зудчуьн иза харца хетар дуй? Тахан марха ца кхобучу йо1е марха кхаба аьлча, иза цхьана йо1ан харц хетар дуй? Я кхидолу бусулба динехь дойзуш долу х1ума де аьлча, цхьана йо1ас бехк буьллура буй иза де бохучунна?

Цу хаттарийн жоп: Цунна цхьана а йо1ас бехк буьллура бац, я ламаз де аьлча а, я марх кхаб аьлча а, я кхидолу вайна дойзуш долу бусулба динера х1ума шега де аьлча а.

Х1унда ца буьллу цара цунна бехк? Дера ца буьллу цо де бохург бусулба динера х1ума долун дера, цо де бохург Дала бохург долун дера, цо де бохург Далла 1ибадат де бохург долун дера!!


Цундела, Дала т1едехкина кхи долу 1ибадаташ санна хьижаб а 1ибадат дуй вай йижаршна а, наношна а довзийтархьам яздо аса х1ара жайна.

Х1аъ, дера дуй хьижаб бусалба динехь зудчуьн доккха 1ибадат! Х1аъ, ю дер, Делан дуьхьа хижаб доьхнарг Далла 1ибадат деш, цо и хьижаб лела маьл до!!

Цундела, цхьа а тайпа гатто еш х1ума хьуна хьайна т1едиллина моттара хьуна ниц1къ бархьам, хало ярхьам, нийса дац хьан, х1ан-х1а, иштта дац иза, эзарза иштта дац иза!!


Читайте также
Я любила его много лет. Мы провели всего одну ночь вместе. Самую лучшую в моей жизни. В моей. Но не в его. У него таких как я много – девочек на раз...
В портовом городе Бризвилль произошло убийство некроманта. На первый взгляд ничего экстраординарного в этом нет. Обычная кража со взломом закончилас...
История о двух сестрах по отцу, которые не подозревали о существовании друг друга. Спустя 19 лет, девочки приехали в деревню. Первая, что бы узнать о...
Ангелам тоже нужны слезы. В пекле тоже любят смеяться.
Книга о сути жизни. О том, как человеку найти счастье в этом мире. Как стать успешным в жисни. Как быть приятным людям, в чём секрет этого.
Кху жайно гойту:Ялсамани Делигара эца езаш хилар.Ялсаманин мехах нийса кхетар.Ялсамани мах боккха а, хала а ца хилар.Ялсамани доггаха езначеран масалш...
Х1ара жайна х1ора бусалба стагна а, йо1на а оьшу жайнан ду. Х1ора х1усамехь хила дезаш жайна ду х1ара. Х1ора бусалба к1антан а, йо1ан а хаа деза Iилма...
– Яах1ума яаран г1иллакхаш;– Яах1ума яаран нийса куц;– Берашна а, баккхийчарна а яах1ума яа 1амор;– Яах1ума яарехь хьарам дерг;– Вовшахкхеттачохь яах1...
– Самукъане доца дийцарш.– Хаза чулацам болуш ду.– Баккхийчарна а, кегийчарна а дог1уш ду.– Кху дийцарш хьекъал а, кхетам а ло.– Кхара хьекъалан мах б...