Ткъа кхин берш ламанца биссина. Цигахь дахаран хьелаш мел хала делахь а даьхний а лелош, Iаш хилла уьш. Царех ламарой олуш хилла.
ХIора аьхка ломара нохчий тогIенашка охьабуьссуш хилла охьара нахера кIа эца а, иштта цхьацца сурсаташца цаьрца хийцамаш бан а.
Нохчийн маьрша дахар тIекIалдаьлла вайн эрал хьалха хиллачу 6-чу бIешарехь. ХIетахь царна тIелетта киммерийцаш а, скифаш а, иштта ГIажарера къаьмнаш а. Цара чубеъна тIом бахьана долуш, аренца болу нохчийн шайн ломара вежарий болчохь кIелхьарабовла дезна.
Цхьажимма шайна чу са деъча, нохчаша шайн махкара скифаш дIалаьхкина, амма уьш дIабахана дукха хан йалале, царел ницкъ болу а, хьекъале а мостагIий баьхкина нохчийн махка – сарматаш.
Церан ардангаша дIалаьцна йерриге а нохчийн аренаш. Соьлжа хих кхеташ долу Марта ахканан цIе а сарматийн «беллачийн ахка» олучу дашах кхоллайелла йу олуш ду.
Итта шарешца цаьрца къиссам а латтийна, нохчаша толам баьккхина. Ткъа Кавказехь йиссинчу сарматийн жимачу тобанах кхолладелла ду олуш ду хIирийн къам.
Масех бIешарахь нохчий маьрша Iаш хилла, ткъа Сийлахь Кавказан къилбехь византийцаш а, гIажарий а хилла тIемаш беш, Кавказана тIехь олалла дан бакъо къуьйссуш. Вайн эран 7-чу бIешарехь и ши пачхьалкха Iаьрбойн тIелатара дIахьаькхна, ткъа хIетахь Кавказехь а хилла баккхий хийцамаш. Дуьххьара цуьнан къаьмнаша долийна маьрша пачхьалкхаш кхоллар.
Царех уггаре а коьртаниг хилла Гуьржийн элалла. Цо шен тергоне лаьцна Сийлахь а, Жима а Кавказан йукъахь мел йолу хьаьрма. Iаьрбойх а, иштта аренца даьлла лелачу къаьмнех а шаьш ларба Iалашонца гуьржиша гIо деш хилла кегийчу къаьмнашна а шайн пачхьалкхаш кхолла.
Иштта кхоллайелла кху заманан Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а латтанашна тIехь Iиллина Дзурдзухети а, иштта, Нохчийчоьнан къилба-малхбузехь хилла Симсир элалла а.
Ила цIе йолчу паччахьа куьйгалла а деш элийн тобано (Узден) феодализман кепехь латтанийн дола деш хилла. Халкъхой олучу маьрша нехан аьтто хилла герз лело, ткъа йалхой а, леш а церан куьйг кIелахь хилла. Пачхьалкхан иерархин лардехь хилла йийсарш а, леш а.
Цу муьрехь нохчаша бакски а, шотландски а, иштта ширачу Германин а кепехь шайн социальни система кхоьллина.
Доьзала коьрта меттиг дIалоцуш хилла социальни дахарехь. Доьзалшах кхоллалуш хилла некъий, ткъа церан декъашхоша цхьаьна къахьоьгуш хилла даьхний лелорехь а, латта ахарехь а.