Къилбаседара Къилбе кхаччалц некъ беш, вайн бIаьргашна йелалло йист йоцу шуьйра аре, ткъа йуха и буц-аре хийцало аьхначу аренашна, цигара гучуйовлу Теркан – нохчийн уггаре а доккхачу ахканан хин йистош. Терк Нохчийчухула тIехдолу Малхбузера Малхбале кхаччалц, ткъа цул тIаьхьа иза Таркхойн (Каспийское) хIордах дIакхета.
Теркана тIехдевлча, вай кхочу аллювиальни аренашка, цигара Теркан дукъ олучу баьрзнаш тIехьара йолалло кхин цхьа шуьйра тогIе. Цунна тIехдолу Соьлжа цIе йолу нохчийн кхин цхьа ахка. Иза Теркал дуккха а жима ду, амма нохчашна чIогIа мехала а, деза а хеташ ду.
Соьлжа йерриге а Нохчийчухула тIехдолу малхбузера малхбале кхаччалц, эзар шерийн йохаллехь Нохчийн аре кхоьллинчу, сиз хьаькхча санна богIучу некъаца. Кхузахь йу республикера уггаре а йаьккхий йарташ, иштта Нохчийчоьнан коьрта шахьар Соьлжа-ГIала а.
Соьлжа-ГIала нийсса республикин йуккъехь йу. Цигахь веха кхо бIе эзар сов стаг. Аренан къилбехьара дIа чIожашна тIехдовлу ламанан гIовгIане Iовраш. Цигара нийсса ирхнехьа хьаладевлча, вай кхочу Нохчийчоьнан Къилбе – луьстачу хьаннийн цу буьрсачу махка. Цигахь ду Кавказан лаьмнаш а, Нохчийчоьнан уггаре а коьрта Тебулос-Мта (Дакох Корта) лам а. Цуьнан лекхалла йу 4493 метр.
Нохчийн къоман истори дIайолало 6000 гергга шо хьалха, хIетахь церан дай Месопатамера кхуза схьабаьхкинчу хенахь дуьйна. Цхьа мотт буьйцучу шортта тукхамех лаьтташ хилла и къам. Царех олуш хилла Нах. Цу дашца кхоллайелла йу цу къоман цIе – НАХИ, НОХЧИ – Нохан къам.
Ткъа йуха, Советан Iедалан муьрехь керла дош кхолладелла – Вайнах – нохчашна гергара къаьмнаш гIалгIай а, бацой а билгалдеш долу.
Нохчий хIетахь Iеса ца хилла. Цара коьрта Iамал йеш хиллачух Дела олуш хилла – дерриге а дуьне кхоьллинарг. АллахIах хIинца а олу нохчаша Дела.
Вайнехан пантеон кхин долчу Iеса къаьмнийн пантеонах тера хилла. Масала, желтойн мифологера Прометейх нохчаша Пхьармат олуш хилла. Иштта церан мифологехь хилла инзаре даккхий адамаш – Нарташ. Ламанца баха хевшича, нохчийн тукхамаш гергара тейпанашна, гаранашна декъаделла, шаьш бехачу меттигийн йа, шаьш схьадевллачу дайн цIерш а оьцуш. Царех цхьадолу тейпанаш аренца Теркан а, Соьлжанан а йистошкахь даха хевшина, шайн дахар йуртбахамца доьзна а долуш. Цара кемсийн а, кхин долчу стоьмийн а бошмаш а лелош хилла, иштта даьхний а, латта а лелош хилла. Цу нахах нохчаша теркхой олуш хилла, йа охьара нах.