Амма социальни структура йоттарехь коьрта цIурко тIулг буьллург тейп хилла. И дош Iаьрбойн «Тайфа» олучу дашах схьадаьлла ду олу. Тейп кхоллалуш хилла итт эзар а, кхин а сов адамех. Тейпанаш гаранашна декъало, ткъа гараш некъашна.
Церан куьйгалла деш хилла Мехк-Кхела – иза къанойх а, иштта махкахь уггаре а дика цIе йоккхучу а адамех лаьтта, къоман шатайпа гулам бу. Цо оьшучохь нийса кхел а йеш хилла, иштта аха латта а билгалдеш хилла, тIом болуш киртиг тIенисйеллехь, бIаьхой а вовшахтухуш хилла.
ХIора а тайпанан шен цIейаххана да а хилла а, иштта шен лам а хилла. Цу ломахь цхьаъ йа, масех бIов хилла. Цу бIевнашкахь нохчий бехаш а хилла, иштта цу бIевнаша йоккха меттиг дIалоцуш хилла мостагIийн бIо йухатохарехь.
Карарчу хенахь Нохчийчоьнан лаьмнаш дуьзна ду и тайпа бIевнех. Царех цхьайолчарех йиссинарш херцарш бен йац, ткъа цхьа йерш хIинца а дика лаьтташ йу.
Нохчийн лаьмнашкахь хIинца а лаьтта эзар шо хьалха йоьттина хилла и тIулгийн инзаре лекха гIаланаш.
Къаноша нохчийн къоман истори Iаьрбойн маттахь йазъйина ларйина тептаршкахь. Цу тептаршкахь, исторически хиламех лаьцна долчу дийцарел совнаха, нохчийн бакъонан – Iадатан лехамаш а хилла дIайазбина. Иза ма-дарра аьлча хIора а нохчо тIетовжа декхарийлахь йолу син-оьздангаллин а, бакъонан а граждански кодекс хилла.
Тейпанаша наггахь шайн конфедерациш кхуллуш хилла цхьацца Iалашонца, масала мостагIашна дуьхьало йан, чIир йита, ши тейп берта дало а, кхин дIа а.
Цу цхьаьнакхетараллех Тукхум олуш хилла. Карарчу хенахь уьш исс ду, царна йукъа догIуш ду ши бIе гергга тейп.
Дахаран тайп-тайпанчу политически а, кхин долчу а хьелашкахь коьрта меттиг дIалуш хилла къаношна. Цо кхоьллина нохчийн къоман бух. И тайпа шайн ламастийн чIогIачу буха тIехь кхоьллина йолчу йукъараллас тамаша бара арара пачхьалкхин Iедал.
Империца дуьхьал Iоттадалар
1237-чу шарахь Къилбаседа Кавказ дIайуьзнера монголех.
Царна тIаьхьа 1350-чу шарахь Къилба Оьрсийчо шайн карайерзийна болчу Тамерланан татараш тIелетира Кавказана. Йа монголийн а, йа татарийн а аьтто ца белира нохчашна тIехь толам баккха. Уьш кхин къар а ца белла мостагIий йухабевлира Теркан а, Соьлжан а йистошкахь Iохку аренаш карайерзорах тоам а хилла.
Нохчаша шайн ницкъ мел тоьу латтийна къиссам толамца чекхбелира, амма Дзурдзухети а, Симсир а ши пачхьалкха тIеман къизалла ца лайна йоьжнера.