Оццу жамIашна тIевеара, Ермоловн къизалла тIехйаьлча, иза мукъа а ваьккхина, Николай I-чо «ламанан къаьмнаш къарде, ткъа ца къарлурш хIаллакде» аьлла, кхуза ваийтина фельдмаршал Паскевич.
– Кхидолу къаьмнаш къарда-м хала дацара, – паччахье балхамаш бора цо. – Церан коьртехь-м мехкадай бара, шайна чинаш, совгIаташ, ахча делчахьана, шайн халкъаш-м хьовха, да-нана а духкур долуш. Халаниш нохчий бу. Шайн акхачу маршонах хаьдда, шаьш вайн комендантийн Iедална кIел дахар деккъа цхьана дагадаро а карзахбоху уьш…
Баккъал а, хьекъале корта хилла Александр Петрович Ермоловн. Халахета государа хьалххе иза кхузара дIавигар. ТIехула тIе, цуьнан тIех къизаллина цунна барта чIогIа таIзар а деш. ХIетахь цхьана масех шарна иза кхузахь витина хиллехьара, цо шен къинхетамзачу куьйгашца тоххара караIамийна хир йара и неIалте Нохчийчоь.
Кубанан областехь а ирс хили Евдокимовн. Цигара ламанхой хIорда тIе таIийра цо. Михаил Тариэловична дагадаьхкира цо сардале йазйинчу донесени тIера шалхоне могIанаш: «Кавказерчу эскаршна хьалха лаьтта декхарш чекхдовла герга ду, – йаздора цо. – Лаьмнашкара дIа а лаьхкина, хIорда йистте, цхьана йуткъачу асанна тIе таIийнчу царна, вайн эскарш кхин а хьалхатаIахь, кIелхьарбовла некъ ца буьсу. Царах цхьакIеззигчарна лаа там бу, шайн исбаьхьчу Iаламан даймохк а битина, Кубанан йаьссачу аренашка дIакхалха. Цундела, вайн адамаллин дегнаший, эскаршна хьалха лаьтта декхарш дайдан лаарой царна кхин некъ белларна тIетоьтту вай – Турце дIакхалха некъ маьрша битарна».
ХIетахь, и могIанаш дешча, дегнаш кIадделира «адамаллин» болчу Кавказски хьаькамийн.
– Шайн даймахкара дIабаха гIертачу ламанхошна мелла а дуьхьало йар тIех йоккха къизалла хета суна, – элира хIетахь наместникан декхарш кхочушдеш хиллачу эло Орбелианис. – Вайн эскарша халачу хьелашка берзийна хилча, мелхо а, Турце кхелхачарна новкъарло йан ца йеза графо Евдокимовс. Амма, и масех бIе эзар стаг хIордал дехьа муха вер ву, хаац-кх.
Карцовс атта тардира и гIуллакх.
– Кхалхаран гIуллакх вайн лаамна жоп луш хиларний, кхузара тIом цо тIаьххьара а, гуттаренна а чекхбоккхург хиларний, кхузахь колонизаци йан аьттонаш луш хиларний, – вахвелира иза, – вешан ницкъ ма-кхоччу, царна дIакхалха гIo дан деза вай. Кхелхарш дIабига догIучу туркойн кеманашна ламанхой бехачу массо бердашка хIитта бакъо йалар бакъахьа хета суна.