– Туркойн кеманаш кIезиг хир дуй-те сила долу адам кхалхо, Александр Петрович?
– Вайн тIеман а, махлелоран а кеманаш йукъаозор ду-кх. Цул сов, малхбузера пачхьалкхаш а йу ламанхой кхузара дIакхалха лууш. Цара гIоьнна шайн кеманаш дахкийта а мега.
– Иза а хила тарло, – резахилира Григорий Дмитриевич. – Царна вайначул а тIех лаьа ламанхой Турце кхалха.
Евдокимовн ирсана, гIуллакх тIехдика дIадоладелира, туркоша-м хьовха, англичанаша, французаша, итальянцаша, грекаша а кеманаш делира ламанхой хIордал дехьабаха. Белла а, дийна а – ах миллион ламанхой цигара дIабаха аьтто хилира Евдокимовн. Ткъа Михаил Тариэловичан ницкъ кхачац атталла ткъа эзар нохчо а кхузара дIаваккха!
Дуьнен чу волуш дуьйна а ирсе кхаж баьлла Николай Ивановичан! Фейерверкеран кIант, йуьхьанца – магIара салти, тIаккха – Койсубулин пристав. Халлий бен йаздан а, деша а ца хууш, бодане стаг. Амма, шен пхи пIелг санна, ламанхойн Iер-дахар а, гIиллакхаш, амалш а йевза. Шен майраллий, къизаллий, дукхахдерг – мекарлой а бахьана долуш, инарлин чине, графан титуле а кхечи.
ХIаъ, эрна дац паччахьо Евдокимовн гоьваккхар. Ламанхойн дуьхьало каг ца йелла, инарлаш кIелбисча, цо кхин а йоккхачу къизаллица карлайаьккхира массарна а йицйелла лаьтта мацахлера Ермоловн тIеман тактика. Алексей Петровича дагарца болх бира Нохчийчохь, ткъа Евдокимовс – цIарца. Системица тIелатарш деш, кIез-кIезиг хьалхатеIаш, амма ша тIенисвелла массо хIума – йарташ, даьхний, йалташ, хьаннаш, цанаш, докъарш – йагош, Нохчийчоь тIаьхьалойоллуш дIалецира цо.
Ермоловн «хьаннаш хьекха» боху кхайкхам «кIур биэ» бохучуьнца хийцира Евдокимовс.
– ТIом ма бе нохчашца, – хьоьхура цо эпсаршна. – Мелхо а, тIамах къахка. Йарташ, йалташ, хьаннаш, бошмаш, дежийлаш, цанаш, даьхний, докъарш хIаллак а йай, йухадовла. Мацаллой, шелоной карабалор бу уьш. ЦIе, цIе, йуха а – цIе!
ТIеман тIаьххьарчу шерашкахь коьрта тидам айкхашна тIеберзийра Евдокимовс. Инди дIалоцуш англичанаша пайдаэцна метод – кхаьънашца нах иэцар – кхин тIе а тайина, шарйина, йукъайаьккхира цо кхузахь; «шайчийн» къайленах информаци йеллачунна – хIоккхул, имамах веддачунна – хIоккхул, цхьана а aгIop воцуш Iийначунна – хIоккхул, йоккха топ схьайеллачунна – хIоккхул, лаьцна нохчех стаг валийначунна – хIоккхул, иштта дIа кхин а кхаьънийн тарифаш йара хIиттийна. Доцца аьлча, иттаннаш шерашкахь хаддаза лаьттачу тIамо xIy даре кхачош лаьтта мацаллой, къоьллой бIарздина адам оьздангаллех дохо, кхаьънашний, айкхаллиний, йамартлонний Iамо шатайпа, бIаьргана гуш йоцу школа йиллира цо Нохчийчохь. Оцу тIехь баккхий кхиамаш а бехира графо. Фельдмаршало Барятинскийс масех дашца сурт диллира Евдокимовн: «Вуон хьехархо вацара граф. Ша кхолладелла жовхIар, амма къиношца – куьйгана цIена вацара иза, кхаьънаш оьцура…»