Йеха буьйсанаш - страница 13

Шрифт
Интервал


Ша йечу ойланашна шех иэхь хийтира Михаил Тариэловична. Оцу солдафонан карьерех иза хIунда хьоьгу? ХIан-хIа, дайшкара схьа дворянех волчу Михаил Тариэловича ша лахвийр вац цунах хьегарца. Евдокимовс болх куьйгашца бо, ткъа Михаил Тариэловича – коьртаца. ТIом чекхбаьлча, аддамна а мичхьа ву а ца хууш, массарна а вицвелла, шен графан титулца вуьсур ву Евдокимов, ткъа Михаил Тариэловича шен хьекъалца гойтур долуш дуккха а гIуллакхаш ду.

…Лаьмнийн баххьех хьерчачу кIайчу мархийн сомалкхашка а хьоьжуш, кора уллохь лаьттара Михаил Тариэлович. ГIаргIанан дуькъачу гIашна йуккъехь «кIур-кIур» дора шина кхокхано. Лаьмнашкара схьа дагна там беш байн мох хьоькхура. И гIайгIане ойланаш дIалахка санна, белшаш ойъуш, корта ластийра цо. ХIаваэ ваьлла, волавелла, коьрте жимма садаIийта ойла хилла Лорис-Меликов сацийра неIарх чоьхьаваьллачу штабан начальнико полковнико Свистуновс.

– Коьртачу штабера пакет йу, хьан локхалла, – цIена къаьстачу озаца вистхилира иза.

– Стоьла тIе охьайиллахьа, – элира Лорис-Меликовс, полковникан элдарчу дегIе бIаьрг а тоьхна. – Нохчийчуьра хаамаш буй?

– Ичкерински а, Аргунски а округийн начальникашкара донесенеш йу.

– Керла хIун дуьйцу?

– Башха керланиг а дац. Ламанан Нохчийчохь синтеме дац, халкъ бунт йан кечлуш ду, боху. Амма, цигахь дукхе-дукха леррина а, къайлаха а боккхачу гIаттамна кечлуш буй-те аьлла, хета суна. Вайн ирсана, зуламхошна тIаьхьа хIинца цкъа кегийрхой бен ца хIуьтту. Баккхийчарна иэрна хета Iедалца къийсар.

Лорис-Меликовс доккха садаьккхира.

– Мятежан тхьамданашка ладоьгIуш баккхийниш болуш, ткъа кегийрхой йухагIерташ хилча, бакъахьа хир дара, хьомсара Александр Павлович. И ун къоначу тIаьхьенан дегнаш чохь дисар ду зуламе.

Цхьана минотехь вист ца хуьлуш лаьттира и шиъ.

– Керла гайтам хир буй хьан локхаллин? – хаьттира полковнико.

– ХIан-хIа. Баркалла.

Полковникна тIаьххье неI тIечIагIайелча, Iаьржа лак хьаькхна, куьзга санна, къегачу стоьла тIе йуха а вирзина, лекха гIовла йолчу кIедачу гIанта охьахиира Михаил Тариэлович. Меллаша сургучан мухIар дIа а даьккхина, жимачу уьрсаца пакет а йатIийна, оцу чуьра деалха диттина шера кехаташ схьадехира цо. ТIаккха, цIеначу йовлакхца цIандина, дашочу хIазаршца кечдина куьзганаш шен стомма-бехачу мера тIе а дехкина, кехаташ схьадаржийра цо.

Дуолорна тIе бIаьрг кхарстийна, тIаккха цхьацца меттигаш леррина йеша вуьйлира иза.