Мимбаран нур. Хьалхара жайна - страница 22

Шрифт
Интервал


.


Лараме ваша, йиша! Хьажа деза вай, муха дехаш ду вай кху дуьненахь. Муьлхачу 1амал т1ехь ду вайн дахар. Вай дехаш долучу х1уманан т1ехь далар а хир ду вайн, ткъа деллачу х1уманан т1ехь Веза-Сийлахьчу Аллах1ана дуьхьал х1иттар а хир ду. Цундела, дикачу 1амал т1ехь даха деза, цу т1ехь вешан чаккхе хиларан са а туьйсуш.

Х1ай чаг1аран марзвелларг! Баккъаллаъ, дитахьара ахьа иза! Чаг1ар молуш а волуш хьан д1авалар хилахь, чаг1ар молуш а волуш Далла дуьхьал г1атта а вийр ма ву хьо, ткъа цулла а йоккха дакъазалла йан а йуй? Йуха валахьара х1ора чаг1ар молуш волу стаг. Диканна т1ехь нислахьара.

Лараме бусалба нах! Эхартехь ма къаьхьа бекхам хир бу чаг1ар молучунна.

ДИЙЦАР

Аллах1ан Элча, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, волчу Еман махкара стаг веъна. Цо хаьттина Пайхамаре, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, хьаьчк1ах даьккхинчу маларах. Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла:

«Ваха вой цо»?

Стага аьлла: «Х1аъ».

Т1аккха Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Йеригге а вахош йерг хьарам йу, баккъаллаъ, Вези-Сийлахьчу Аллах1ана т1ехь ч1аг1о йу чаг1ар молучунна, цуьнга т1ийнатул хоба́л чуьра малийтар». Наха хаьттира: «Х1ай, Аллах1ан Элча! Х1ун йу т1ийнатул хоба́л»? Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, элира: «Жоьжахат ох1лан хьацар ду».


Йа Аллах1! Ма ч1ог1а ларавала везар чаг1арх. Атта дац хьуна ялсамани чохь хьайн ни1матехь ваха, жоьжахатан чохь цуьнан ох1лан хьацар муьйлучулла а? Дер дуй, дукха атта-м. Цундела, Аллах1а беш бекхам бу иза чаг1ар молуш хиллачунна, цо ша валале тоба а дина, иза дохко ца валахь, цунна хир ду и 1азап эхартехь. Цундела, варийлахь сиха дохко валалахь, тоба делахь, чаг1ар диталахь, ма хилалахь жоьжахатан ох1лан хьацар мер долчарех, хьо хилалахь ялсаманан малар мер долчарех!

Ткъа дуьненахь чаг1ар молуш хилларг, ша ялсаманан чаг1арах воккху цо. Ялсаман чохь а хир ду чаг1ар, амма вахош хир дац иза. Дуьненахь чаг1арх ларбеллачара мер ду иза, амма дуьненахь чаг1ар молуш хиллачара мер дац ялсаманчуьра чаг1ар.


Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Хьаъа а чаг1ар малахь дуьненахь, цул т1аьхьа цо цунах тоба ца динехь, цунна хир дац иза30 эхартехь».


Лараме бусалба ваша, йиша! Бакъдерг алахь, эхартера чаг1ар дика хир ду, йа дуьненан чаг1ар дика хир ду? Шеко йац ахьа эхартараниг г1олехь хир ду олург хиларан т1ехь. Цундела, эхартан х1уманан т1ег1ерта ца деза вай, дуьненан хьарам х1ума 1ад а дитина? Дера дезий эр ду ахьа. Цундела, варийлахь, ма ваккхийталахь хьо дуьненан чаг1аре эхартан чаг1арах. Собаре хилалахь дуьненан чаг1ар маларх, эхартахь мера ду ахьа иза, Дала мукълахь.