Мимбаран нур. Хьалхара жайна - страница 24

Шрифт
Интервал



Хьо чаг1ар молуш хилча хьан дас а, нанас а, йишас а, вашас а, х1усамнанас а, доьзало а, хьо везачара а са ма гатта до хьуна, хьан декъазчу хьолан, уьш холчахь ма латта бо ахьа. Хьалха Делан дуьхьа, шоллаг1а церан дуьхьа дитахьара ахьа и хьарам чаг1ар, Делера йоккха йал хир йу хьуна, Дала мукълахь.

Вай ялсамане даха дезаш ма ду, Дала мукълахь. Цуьнга сатуьйсу вай. Амма, цхьаболу нах цу чу г1ур бац аьлла билгалбина ма бу, царех ву чаг1ар молушверг а. Гой хьуна, мел боккха эшам бу иза хьуна, ахьа и чаг1ар ца дитахь. Дита иза, т1аккха ялсаман чохь чаг1ар молуш 1ийр ву хьо.

Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Кхаъ стагана баккъалла а хьарам йина Аллах1а ялсамани: чаг1ар муьйлуш волчунна, дена, нанна муьт1ахь воцучунна, даййусан – иза шен х1усамехь хьарам дерг могуьйтуш верг ву».


Ма кхераме хьадис ду х1ара! Чаг1ар молуш хилларг ялсамане г1ур вац бохург жима х1ума дац. Ялсамани йаккха вайн 1алашо хилча, ма атта во́лу цунах чаг1ар молуш верг. Ма атта 1ехаво иза шайт1ано. Баккъаллаъ, ларлахьара вай цу боьхачу чаг1арх.

Чаг1ар молучуьн ламаз къобал ца до Дала. Оццул деза долу ламаз Дала къобалдеш ца хилча, ма ч1ог1а ца дезна-кх Далла и чаг1ар. Ма доккха къа ду-кх иза Аллах1ана гергахь.


Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Чаг1ар мелла вехнарг, цуьнан ламаз къобал дийр дац шовзткъа 1уьйрана (дийнахь), ткъа иза лахь жоьжахати чу вахна иза (г1ур ву)».


Валлах1и Аллах1ан Элчанан, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, х1ара хьадийсаш тоьар ма дара и чаг1ар вай дита. Цунах вай гена довла. Х1ай лараме бусалба ваша, йиша, чаг1аро жоьжахати чу вуьга бохург ма жима х1ума дац. Цхьа сирник хьалалатайай иза йаьгна йаллалц п1елг т1е а лаций хьайн собар тоьий хьажахьа, и ц1е ла́н собар дуй хьоьгахь?! Ткъа жоьжахати чуьра ц1е кхин а 69-за ч1ог1а хир ма йу. Вай бусалба нах ду, ткъа бусалбачу нахана йуккъехь хила ца деза чаг1ар. Иза вайна йуккъера д1адаккха деза вай.


Чаг1арах деригге а зен схьадолу. Беригг а бохам хуьлу цунах. Дала адамашна делла уггаре доккха ни1мат – хьекъал ду, цу хьекъалах воккху чаг1аро, ша мелларг. Хайбанех тара ца ло чаг1ар мелларг, х1унда аьлча хьайбано шен дег1ана дола до, ша х1ун лела до хаьа цунна, амма чаг1ар а мелла вехна стаг хьайбанел эшна ву, х1унда аьлча шен маттан а, йа дег1ана а да ца хуьлу иза, вехна волуш, ч1ог1а ирча хуьлу цуьнан хьал. Цундела аьлла чаг1арах «