Валлах1и, ма кхераме ду-кх чаг1ар молучуьн хьал. Хьажа, Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Чаг1ар муьйлуш верг ц1ун31 1ибадат деш верг санна ву».
Йа Аллах1! Ма кхераме х1ума ду чаг1ар мийлар. Ц1ун 1ибадат дар ширк ду, Аллах1аца дела лацар ду иза. Ц1ун 1ибадат деш верг уггаре доккха къа латадеш ву. Цу къа т1ехь веллачунна Аллах1а геч дийр дац, даима жоьжахати чохь хир ву иза. Ткъа чаг1ар молуш верг Аллах1аца накъост лоцуш верг санна хилча кхераме ца хуьлу цуьнан хьал!? Сагаттадан дезаш х1ума ду иза вай.
Ц1унна 1ибадат деш верг керста ву, амма и бохург дац чаг1ар молуш верг и санна кериста ву. Делахьа а, чаг1ар молуш верг цу керистах тера ву, х1унда аьлча керистачу стеган ламаз Дала къобал ца до, иштта чаг1ар молучуьнан ламаз а къобал ца до Дала. Кхин т1е а ц1унна 1ибадат дарий, чаг1ар маларий цхьана хьахийна Дала къуръан чохь, цундела а ву и шиъ вовшех тера. Дала аьлла къуръан чохь: «Х1ай ийман диллинарш! Чаг1ар а, майсир32 а, ц1уш33 а, пхерчий34 а – шайт1анан белхан рижс (боьха х1ума) йу, генадовла цунах – шу даккхийде тарло»35.
Кхин а и шиъ вовшех тера хуьлу, ц1унна 1ибадат деш волчо шена ц1унна 1ибадат дар хьанал дина, т1аккха иза кериста хилла, х1унда аьлча Аллах1а хьарам динарг хьанал дина цо. Иштта чаг1ар молучо а чаг1ар хьанал ду аьлла малахь, иза а кериста хуьлу, х1унда аьлча, Аллах1о хьарам динарг хьанал дина цо. Амма цунна чаг1ар малар хьарам дуй хууш, т1аккха а цо иза малахь, кериста ца хуьлу иза, амма г1ийла бусалба хуьлу, Далла гергахь шен хьал кхераме долуш, ц1унна 1ибадат деш волчу кериста стагах тера волуш.
Х1ай, лараме ваша, йиша! Дезий хьуна хьо керистах тера ву бахар? Дезий хьуна Дала хьо кериста нахаца къуръан чохь хьехавар? Хьуна ца деза Дала хьо ламаз, марха, йеза 1амал йуьйцучу меттехь хьехавар? Тахана цхьана бахьанца марзаделла хьуна и чаг1ар, амма хьо бусалба хилар бахьна а долуш, ц1енна Аллах1ан дуьхьа дуьтур долуш вуй хьаа суна хьо и чаг1ар. Хьан Дела везар хьалха дер ду, хьан чаг1ар дезарл а. Далла дезарг хьалха доккхур ду ахьа, хьайна дезачул а, х1унда аьлча хьуна Веза-Сийлахь Аллах1 веза дела. Цундела, дитахьа и чаг1ар Аллах1ан дуьхьа, ц1анлохьа цунах, ц1андехьа хьайн ламаз, хаза хетар дехьа хьо везачарна! Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, ма аьлла: «Аллах1ана уггаре дукха йеза 1амал бусалба стагана хазахетар дар ду».