. Х1унда аьлча йеригге а боьхалла цуьнца йолу дела, цунах схьайолу дела.
«Цхьана зудчунна цхьа стаг хазвелла хилла. Цуьнца зина дан лууш хилла зудчунна, амма стаг дуьхьала хилла, цу зудчух ларлуш хилла. Т1аккха зудчо 1еха а вина, цхьана г1уллакхана аьлла ша йолчу чу валийна и стаг, х1усаман дог1анаш д1а а тохийтина, иза ара ца валийта. Т1аккха стаг кхетта ша 1ехийнийла, зудчо харжам байтина цуьнга диъ х1уманан т1ехь. Зудчо аьлла цуьнга: „Йа чаг1ар мала, йа шеца зина де, йа шен хьадалч36 виэ, йа хьакха йаа“. Стага ойла йина „Делахь, зина дечул а, йа хьакха йуучул а, йа стаг воьчул а чаг1ар малар г1олехь хир ду“, – т1аккха чаг1ар мелла цо. Чаг1ар мелла вехча зудчуьнца зина дина цо, цул т1аьхьа хьакха йиина, цул т1аьхьа к1ант вийна».
Гой хьуна чаг1арах схьа мел даьлла зе. Чаг1арах стаг вехча дуккха а зене х1уманаш дуьйлу цуьнгара, шен хьекъалехь волуш цуьнгара дуьйлур доцуш долу. Хийлаза стаг йуьхь1аьржа х1оьттина чаг1ар бахьана долуш. Хийлаза нахала ваьлла чаг1ар молуш верг. Хийлаза шех нах бела бина цо. Хийлаза дукха бохамаш бевлла цуьнгара чаг1ар малар бахьана долуш. Цундела аьлла чаг1арах «боьхаллийн нана». Х1унда аьлча цуьнан зе доза доцуш ду. Х1ун дер ду ца хаьа молучуьнгара, х1унда аьлча х1ораза а кхин а доьхнарг, кхин а бохаме дерг, кхин а ирча дерг, кхин а нахана беламе дерг бен цуьнгара ца долу дела. Цундела, ларлахьара вай чаг1арах, Аллах1ан дуьхьа дитахьара вай иза.
Чаг1арах гена хилар дикачу нехан куц ду. Абу-Бакр Сиддийкъ, Аллах1 реза хуьлда цунна, цкъа а чаг1ар мелла вац ша, ша бусалба волуш а, бусалба хилале а.
1абба́с бин Марда́сига хаьттина хилла «Х1унда дитина ахьа чаг1ар?» Цо жоп делла: «Суна ца дийзира 1уьйранна сайн къомана эла хуьлуш, суьйранна царех уггаре 1овдал верг хилар».
И бохург, 1уьйранна хьекъал чохь волуш сайн къомана йуккъахь эла ву со, амма суьйранна аса чаг1ар мелча сайн къоманна йуккъахь 1овдал верг хуьлу со.
Цундела, лараме бусалба ваша, йиша, и боьха чаг1ар хила ца деза вайна йуккъахь, хилахь а д1адаккха деза. Чаг1ар молушверг цунах гена вала веза. Тоба а дина дита деза чаг1ар. Даггара тоба дойла вай, х1ай сан бусалба вежарий, йижарий! Веза-Сийлахьчу Аллах1а боху къуръан чохь: «Х1ай ийман диллинарш! Шу дерза Деле ц1ена тоба дарца – хила тарло шун Дала шу къинойх ц1анда, шу бошмашна чу дига а, шайн бухахула хиш оьхуш йолу».