Ассаламу 1алайкум, лараме бусалба нах!
Альхьамду лилла́х1и роббил 1а́ламийн. Ва ссола́ту ва ссала́му 1ала росу́лилла́х1и ва 1ала а́лих1и ва асхьа́бих1и ажма1ийн вам ан таби1ах1ум биихьсанин ила́ явмиддийн. Амма ба1ду37:
Лараме бусалба нах! Вайн деригге а дахар бусалба дин хила деза. Бусалба дин вайна массо а хьелашкахь гучу дала деза вайн дахарехь. Бусалба дин вайн дахарехь коьртаниг хила деза. Иза довза деза вайна, т1аккха цуьнца 1амал йан а йеза вай. Бусалба дин 1амор йоккха ял хуьлуш х1ума ду. Доккха дарж ду бусалба дин 1амор. Тахана бусалба дин довзарал а доккха х1ума ца оьшу вайна. Хьо бусалба динах лаьцна кинижка йоьшуш велахь, йа хьехаме ладуг1уш велахь, йа 1илма долчуьнга хоттуш велахь, йа 1арбий мотт 1амош велахь, йа къуръан деша 1амош велахь, йа к1оргге шарий1ат 1амош велахь, – иза деригге а бусалба дин 1амадар ду, шарий1ат 1илма 1амадар ду. Х1ораммо хьоьгучу къине хаьжина йал хир йу цунна. Цундела, вай бусалба дин 1амадар т1ехь сутара дархьама, жигара хилийтархьама, цу т1е г1ертийтархьама, х1ара хьехам бу вай бусалба дин 1амийча хуьлучу йолах лаьцна.
1илма Пайхамарийн, Аллах1ера салам хуьлда царна, ирс ду. Цара т1аьхьадитинарг 1илма ду, дуьне дац. Ткъа Пайхамарийн, Аллах1ера салам хийла царна, ирс схьаэцнарг сийлахь к1ант а, йо1 а ду. Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда царна, аьлла: «Баккъаллаъ, Пайхамарш ирс ца дитина динар а, дирх1ам а, делахь а, цара ирс дитина 1илма дитарца. Ткъа иза (1илма) схьаэцначо, доккха да́къа схьаэцна».