Ассаламу 1алайкум, лараме бусалба нах!
Альхьамду лилла́х1и роббил 1а́ламийн. Ва ссола́ту ва ссала́му 1ала росу́лилла́х1и ва 1ала а́лих1и ва асхьа́бих1и ажма1ийн ва ман таби1ах1ум биихьса́нин ила́ йавмиддийн. Амма ба1ду1:
Дала къуръан чохь боху: «Аш д1ах1оттаде ламаз».
Кху аятехь Дала ламаз фарз дина т1едиллина вайна. Ламаз доккха фарз ду вай х1ормаммо дан дезаш.
Иштта Дала боху къуръан чохь:
«Х1ай ийман диллинарш! Руку́1и г1о, сужуде г1о, шайн Далла 1ибадат де, дика дерг де шу декъала хила там бу».
Руку1 дар, сужуд дар ламаз дар ду, цундела Дала ламаз де боху вайга.
Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла:
«Шуна муха хета, шух цхьаннийн не1ара хьалха татол хилча, цу чохь х1ора дийнахь пхоьазза лийчича, цуьнан (дег1а т1ера) моданах х1умма а йуьсур йарий?
Асхьабаш, Дела реза хуьлда царна, элира: Цуьнан моданах х1умма а йуьсур йацара. Делан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна элира: Иза пхеа ламазан масала ду, Аллах1а цаьрца2 къинош д1адоху».
Субхьаналлах1! Лараме ваша, йиша! Дийнахь-буса пхиъ фарз ламаз дешверг пхоьаза хи чохь луьйчушверг санна ву, ткъа пхоьаза хи чохь луьйчушволчуьнна дег1а т1ехь цхьа а мода йуьсур йац, иштта пхи фарз ламаз деш волчунна т1ехь къа дуьсур дац. Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, ламазан пайданах вай дика кхетийтархьама далийна масал ду иза.
Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла:
«Пхи ламаз а, рузбанан ламаз т1ера вукха рузбанан ламаз т1е кхаччалца а, Рамадан т1ера вукху Рамадан т1е кхаччалца а, гечдеш ду царна йуккъехь долчунна, даккхий къиношах ларлахь».