Мимбаран нур. Хьалхара жайна - страница 6

Шрифт
Интервал


ЛАМАЗАН ЛАКХАЛЛА

Лараме бусалба ваша, йиша! Дала ша вайна т1едуьллу х1ора х1ума Джабраил малийке а олий, Делера салам хуьлда цунна, ткъа иза Пайхамарна, Делера салават а, салам а хуьлда цунна, т1е а дуссий, цо цуьнга д1аолуш хилла Дала бохург. Иштта т1едиллина вайна деригге а шарий1ат. Шарий1атехь долу деригге а х1ума Джабраил малийко, Делера салам хуьлда цунна, Делера схьадахьаш хилла вайн Пайхамарна, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна. Масала, закат а, хьадж а, Рамадан бутт кхабар а, кхин деригге бусалба динера х1ума а Веза-Сийлахьчу Дала Джабраил малийкехула, Делера салам хуьлда цунна, иштта т1едехкина вайна. Амма ламаз т1едуьллуш Веза-Сийлахьчу Дала Ша т1едиллина иза Пайхамарна, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, Джабраил малийкехула, Делера салам хуьлда цунна, ца дуьллуш. Веза-Сийлахьчу Дала Пайхамар, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, ворх1 стигал хьалаваьккхина, Шена дуьхьал х1оттийна т1едиллина цунна пхи фарз ламаз. Веза-Сийлахьчу Дала ламаз стиглара охьа ца доссийна, делахь а Пайхамар, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, стигал хьалаваьккхина т1едиллина цунна ламаз. Цо гойту ламаз мел деза ду Веза-Сийлахьчу Далла гергахь. Кхидолу бусалба динан белхаш санна Веза-Сийлахьчу Дала латта т1е охьа ца доссийна ламаз, х1унда аьлча ламаз 1аламат ч1ог1а деза долу дела. Веза-Сийлахьчу Дала Джабраил малийкан, Аллах1ера салам хуьлда цунна, т1е а ца диллина Пайхамарна, Аллах1ера салват а, салам а хуьлда цунна, ламаз т1едиллар, Ша т1едиллина Веза-Сийлахьчу Дала ламаз Шен пайхамарна, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна. Гой хьуна, х1ай сан бусалба ваша, йиша, мел деза ду фарз пхи ламаз. Цул совнаха, Веза-Сийлахьчу Дала хьалха шовзткъе итт5 ламаз т1едиллина хилла, т1аккха Пайхамарас, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, Деле ламазаш лахдар доьхуш пхеа ламаз т1е охьадалийна уьш Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: Цул т1аьхьа Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Пхи ламаз ду уьш, шовзткъе итт6 (ламаз) метта».


И бохург, пхи фарз ламаз дича, шовзткъе итт ламаз дича санна йал йу. Хьажахь Веза-Сийлахьчу Дала вайха биначу къинхетаме, шовзткъе итт ламаз а ца дуьллуш вайна т1е пхи ламаз диллина, амма пхи фарз ламаз дича шовзткъе итт ламаз дича санна йал йитина. Т1аккха дан ца деза вай фарз пхи ламаз? Оццул деза и хилча, оццул йоккха йал хуьлуш хилча, и пхи ламаз дан дог1ура вай, уьш фарз ца хилча а. Амма уьш фарз хилча вайн цхьа а харжам бац, лаахь а, ца лаахь а дан дезаш ду вай уьш, Веза-Сийлахьчу Дала т1едиллина декхар ду иза вайна х1ора дийнахь-буса. Ламаз до хан адам сема хуьлу хан йу, цундела Веза-Сийлахьчу Дала цу хенашкахь ламаз дар т1едиллина Шен лайшна, х1унда аьлча ламаз Веза-Сийлахьчу Делаца з1е йолу дела, ламаз Делаца къамел дар долу дела, ламазца лайний Веза-Сийлахьчу Деланий йуккъера йукъметтиг ч1аг1ло дела, цундела Веза-Сийлахьчу Дала пхи ламаз фарз дина т1едиллина вайна, Ша вайна даима дагахь хилийта, Ша виц ца валийта Шен лайна, Шеца йолу йукъаметтиг ч1аг1йалийтархьама цуьнан. Цундела, пхи ламаз фарз хилар Веза-Сийлахьчу Делера боккха къинхетам бу.