Пхеа ламазан йуккъехь дуьйлучу кегийчу къиношна Дала гечдеш ду. Ши рузба динчунна цу йуккъехь цо летийначу кегийчу къиношна Дала гечдеш ду. Ши Рамадан кхаьбначунна цу шинна йуккъехь летийна кегий къиношна Дала гечдеш ду. Цу кегий къиношна Дала геч до, стага царах тоба ца динехь а. Цунна уьш дицделла хила а тарло, делахьа а, Дала геч до царна. Амма даккхий къиношна геч ца до Дала, стага царна тоба дичий бен.
Мел доккха х1ума ду х1ара, ламазаш дича а, рузбанаш дича а, мархийн беттанаш кхаьбча а кегий къиношна гечдеш ду вайна Дала, ткъа даккхийчу къинойх тоба дича довлу вай. Мел боккха пайда бу иза вайна. Цундела, мел ч1ог1а лардеш хила деза вай ламазаш а, рузбанаш а, мархийн беттанаш а.
Анаса, Аллах1 реза хуьлда цунна, аьлла: Цхьа стаг веара Пайхамарна, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, т1е, цо элира:
«Х1ай, Аллах1ан Элча, та1зар дог1у къа даьлла соьгара, та1зар де суна3.
Эццахь ламазан хан хилира, цу стага Аллах1ан Элчанца, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, ламаз дира. И стаг ламаз дина ваьлча, цо элира:
«Х1ай, Аллах1ан элча, та1зар дог1у къа даьлла соьгара, Аллах1ан жайнаца бекхам бе суна»4.
Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, элира: «Ахьа тхоьца ламаз дирий»?
Стага элира: «Дира».
Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, элира: «Баккъалла а, (Аллах1а) гечдина хьуна».
Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, хаийтина цу стагана цуьнан къина Дала гечдина хилар, х1унда аьлча, ша къа латийначул т1аьхьа фарз ламаз дина цо, ткъа фарз ламазна хьалха хилла къиношна Дала гечдеш ду.
Ибн Мас1удера, Аллах1 реза хуьлда цунна, деъна цхьана стага хийрачу зудчунна батт йаьккхина хилла, т1аккха Пайхамар, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, волчу веана, цуьнга дийцира цо ша динарг. Т1аккха Аллах1а эццахь Пайхамарна, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аят доссийра:
«Ламаз х1оттаде дийнан шина йуьххьехь (1уьйрана а, суьйрана а), буьйсанах цхьадолчу сахьташкахь а. Баккъалла а, дикачу 1амалша д1айоху вон 1амалш».
Стага хаьттира: «Суна цхьаннийна дуй х1ара, х1ай Аллах1ан Элча»?
Делан Элчано, Делера салават а, салам а хуьлда цунна, элира: «Сан деригге а умматана ду».
Х1ара масал ду хьуна, Дала ламазашца къиношна гечдеш хилар. Дала къуръан чохь аят доссийна-кх, дикачу 1амалша вон 1амалш д1айоху аьлла. Ткъа доккха х1ума дац цу стагана хилларг, цо ламаз дина аьлла цуьнан къина Дала геч дина хилча! Дала цу цхьана стагана ца делла иза, вайна массарна а делла. Делера боккха къинхетам бу иза вайна. Цундела, ламаз деш хила веза бусалба стаг. Гуттар а ц1ена, хаза, дика, нийса, шен хена чохь ламаз деш хила веза бусалба стаг.