Читать РАМЗАН ШКОЛЕ ВАХАР. (берашна дийцар) - Вахит Хаджимурадов

РАМЗАН ШКОЛЕ ВАХАР. (берашна дийцар)

На данной странице вы можете читать онлайн книгу "РАМЗАН ШКОЛЕ ВАХАР. (берашна дийцар)" автора Вахит Хаджимурадов. Общий объем текста составляет эквивалент 15 бумажных страниц. Произведение многоплановое и затрагивает разнообразные темы, однако его жанры наиболее вероятно можно определить как детские приключения, книги для дошкольников, детям. Книга была добавлена в библиотеку 23.07.2025, и с этой даты любой желающий может удобно читать ее без регистрации. Наша читалка адаптирована под разные размеры экранов, поэтому текст будет одинаково хорошо смотреться и на маленьком дисплее телефона, и на огромном телевизоре.

Краткое описание

Мальчик Рамзан впервые идет в школу. Но соседская собака клянчит у него чего-нибудь поесть. Рамзан делится бутербродом, который бабушка ему приготовила на обед. Второй рассказ о том, как маленького Рамзана мать попросила посторожить братика, а тот чуть не упал вместе с колыбелькой. Рамзан из последних сил держал, но не дал братику упасть. После того, как мать подоспела, маленький Рамзан сам упал без сил.

Книга РАМЗАН ШКОЛЕ ВАХАР. (берашна дийцар) онлайн бесплатно


ЗИЙНИН КIАНТ РАМЗАН.

(Берашна дийцар)


Тхайн нана Зийна дагалацарца, вежаршна Рамзанина а, Ражапина а.

– Рамзан! Схьавоьл чу, хьо оьшу нанина. Сиха лелалахь, хьо дукха вахарг, – чу кхайкхира Зийнас шен 4 шо хир долуш волу жима к1ант, лохачу поппар хьаьхна динчу ц1енна жимчу не1арах ара а хьожуш, малхана дуьхьала куьйг а лоцуш.

– Ца лаьа суна. Суна арахь ловза лаьа! – реза вацара жима к1ант, х1инцца сийна буц хьалаг1оьртина, малхо серла яьккхинчу жимчу уьйт1ара чу ван.

1уьйре жимма т1ехиккхина хан яра, малх айбеллера, хьозарчийн эшарша екайора аре, г1а тохаделлачу диттийн гаьннашкахь ловзуш.

Ц1ера арадохуш х1окхеран дех Хьуьсенах дисинчу лаьттан декъа т1ехь дуьйцина, поппар хьаькхина лоха, жима, шен куьйга дина ц1а дара Зийнин. Ц1адаьхкича а баланах ца долура нохчийн адамаш. Дег1астана куьйга к1ела дисинчу нохчийн латтанашна т1ехь йолу нохчийн ярташ, г1ишлош нохчашна юха схьаяла реза бацара суьйлий. Маь1-маь11ехь мах луш лаьцначу чоьннашкахь 1аш амал а дайна, шен дех йисинчу кертахь Мартант1ехь шен шина жимчу к1енташца д1атаръеллера жима зуда, цхьана ханна майрачух а къаьстина. Рамзан воккхаха волу к1ант вара, жимах волу к1ант Ражап аганан хан йолуш вара. Ражап аганан чохь хьарчавой, цунна ха дан Рамзан а х1оттавой, уьйт1ахь, кертахь г1уллакхаш дан дезаш хуьлура жимчу зудчуьна. Б1аьстенан юьххьехь д1айийна т1еяьлла х1ума мехала хуьлура, къелла ловш йолчу х1усамна. Зийна, шайолу нохчийн зуда санна, жима йо1 йолуш дуьйна къахьега 1емина яра. Кхуьнан йоккхачу кертахь д1адийна т1едолуш дукха х1ума дара: хох, саьрамсекх, наьрс, хорсам, картолаг. Доцца дийцича, ша а, шен бераш а 1анера даха а, совъяьлларг д1айохка а х1ума хуьлура. Ц1ера арадаьхначу кхойтта шарахь шело, мацалла ловш леллачу нахана, х1орш шайн ц1абирзича а, ц1ахь бан болх а, чохь 1ан ц1а а дацара. Амма мел хала делахь а, х1инца-м шайн ц1ахь бара х1орш, шайн дай эзар шарахь баьхначу махкахь, лаьттахь.

– Рамзан, дукхавахарг, хьо нанина г1о дан ца ваг1ахь, нана кертахь г1уллакх дан кхуьура яц. Т1аккха вайна яа х1ума хир яц. Схьавоьл кхуз, хьайн жимчу вешига хьажа веза хьо, – к1ант 1еха ван г1ертара Зийна.

Рамзан-м вацара нанас дуьйцучуьнга ладуг1учохь: стенгара баьллехь а, карабеъначу жимчу сарагца дуьххьара сийначу байтехь схьакъаьрзинчу можачу Баьппа-зезагца хазалла къовсуш болу можа полла уьйт1е ма-ю лаьллина лелаш вара к1ант-м.


Читайте также
Очнуться в теле слабенькой магички-бытовика среди орков — не входило в мои планы. И новая жизнь — это не второй шанс, а сплошной бардак: орочьи аппети...
Жизнь редко предлагает второй шанс. Но если он выпал — я не собираюсь тратить его на страдания и покорность. Теперь я — Адель Фабе...
В этой книге вы найдёте две чудесные сказки. Эти светлые и необычные истории о доброте и взаимопомощи. Они научат маленького читателя любви и сострада...
Да, это новая история с новым персонажем и да, Мик здесь появится, более того, вновь станет центральным персонажем.Он попал на планету несколько месяц...
Чонга жима зингат ду. Иза иччархо хила лууш ду, амма даккхийрачу зингаташа иза шайца ца доийту, жима ду бохуш. Амма и цаьрга ла а ца дуг1уш царна т1аь...
Ширачу заманахь хилла бохуш вуьйцуш волчу Пхьарматах лаьцна иллина т1ера даьккхина берашна йаздина туьйра. Уьнахь дуьйна дукха ширачу замане д1айуьгу...
Приключения маленького муравья, оказавшегося вдруг далеко от родного дома-муравейника.
Подражание Шекспиру. У чеченцев тайповые противостояния в отдельных ситуациях. В данном случае под названием "нашхинца" – тайп "нашхой", под "зандакан...
Волшебная сказка о чеченских нартах и бесстрашных кенти, конахах, готовых на славные подвиги во славу дружбы, верности и чести. Храбрый Дик с бесстраш...
ХIХ век. 300 горцев-всадников спускаются "на братний зов" в равнинное селение и вступают в схватку с тремя тысячами войска захватчиков. Единственная д...
Волшебная сказка для детей и юношества. Герой сказки Дикмир во сне видит красавицу Милену и, подружившись с волшебным конем Ло-Дином, отправляется, чт...
Висади, чеченец, бывший "боевик", после войны оказывается в Москве, где устраивается на работу охранником. Обретает новых друзей и врагов, ведет борьб...