Минбаран хьехамаш - страница 13

Шрифт
Интервал



Веза-Сийлахьчу Дала къобал дойла вай лелориг. Вайн 1амалш а, ламазаш а къобал дойла Цо. Веза-Сийлахьчу Дала толам лойла Фалестинерчу бусалба нахана. Веза-Сийлахьчу Дала эша войла боьха жуьгтий. Веза-Сийлахьчу Дала орца лойла цигара мискачу бусалба нахана. Веза-Сийлахьчу Дала парг1ато лойла царна.

Субхьа́накалло́х1умма ва бихьамдика, ашх1аду алла́ила́х1а илла́ анта, астаг1фирука ва ату́бу илайка.

Д1АТЕСИНА 1ИБАДАТ

Альхьамду лилла́х1и роббил 1а́ламийн. Ва ссола́ту ва ссала́му 1ала росу́лилла́х1и ва 1ала а́лих1и ва асхьа́бих1и ажма1ийн ва ман таби1ах1ум биихьсанин ила́ явмиддийн. Амма ба1ду:


Веза-Сийлахьчу Дала Шена 1ибадат дан кхоьллина ду вай. Вайн декхар ду иза. Вайн дериг дахар цуьнан дуьхьа хила дезаш ду. Веза-Сийлахьчу Дала вайна т1едиллина 1ибадат цхьана кепара дац, дуккха тайпанаш ду цуьнан вайна махаъара. Цу 1ибадатех цхьа къаьстина цхьа 1ибадат ду бусалба наха д1атесина, – иза къуръан дешар ду.


Къуръан дешар деза 1ибадат ду. Йоккха ял хуьлуш 1амал йу иза. Къуръан доьшуш хила дезаш ду вай даима.


Къурьан вайн дахар ду. Вай бусалба хилла къуръанаца. Вайна Ислам дин девзина къуръанаца. Вайна т1ехь дерг а, вай лелон дезарг а билгала доккху къуръано. Къуръан ца хилча вай а дац. Къуръанаца бен вайн мах а бац. Цунах вай тасаделллехь вайн деригге а г1уллакхаш дика хира ду. Иза вай д1атасахь вайн деригг г1уллакхаш телхар а ду.


Уггаре хьалха къуръанан маь1на девзаш хила деза вай. Цунах кхеташ хила деза вай. Цунах кхеташ вай дацахь, цо х1ун боху вайна ца хаахь, вайн дахар муха нислур ду?! Веза-Сийлахьа Дела вайна реза муха хир ву?! Бакъду, цкъа хьалха къуръан доьшуш хила деза вай. Къуръан доьшуш вай ца хилахь, цунах кхеташ а хир дац вай. Цундела ду къуръан дешар деза 1ибадат. Амма тахана вайха дукхах берш иза доьшуш бац, деша хууш а бац. Бакъду тахна санна къуръан 1амо аьтто хилла бац вайн, хьенна а 1амо аьтто бу иза, амма к1езиг бу и 1амош берш. Цундела, къуръан д1атесина лоруш ду вай, х1унда аьлча, вай иза доьшуш доцу дела.

Цундела и г1алат нисдан деза вай. Къуръанаца йолу з1е ч1аг1йан йеза вай.

КЪУРЪАН ДЕШАРАН ЯЛ

Къуръан дешаран ял йоккха йу. Цуьнан беркат доккха ду. Тахана массо а кепара йаздина охьадиллина къуръан, массаьрга а деша лур долучу кепара. Т1аккха иза кхин а боккха аьтто бу вайн къуръан доьшуш хиларан т1ехь. Къуръан доьшуш верг уггаре дикачарех диканиг ву. Уггаре тоьллачарех тоьлларг ву. Ладог1а кху сийлахьчу хьадийсе.