Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Шух диках верг шена къуръан 1амадина, кхечунна 1амадинарг ву».
Хьажа, ма доккха тоьшалла ду иза! Кхин доккха тоьшалла хир а ма дац хьуна! Къуръан доьшуш хиларал, кхечунна иза хьоьхуш хиларал доккха х1ума дац. Ткъа х1унда ца лаьа хьуна царах хила? Хьан сеца во хьо? Муьлхачу аьттоне хьоьжуш ву хьо? Тахна санна боккха аьтто хилла а ма бац вайн, делахь а дикка ца кхета вай цунах. Амма дохко-м девр дац те вай т1аьхьа? Эхартахь дохко-м вер вац те хьо?
Къуръан дешар йеригг ял йу. Ахь дешначул а иттаза дукха а йолуш.
Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла:
«Хьаъа а Аллах1ан жайнийн т1ера хьарф (элпа) йешча цунна цхьа дика ду, ткъа и дика и санна итт ду».
Хьажа ма йоккха ял йу хьуна къуръан дешча. Ахьа дешначу х1ора элпах итт дика ду хьуна йаздеш. Ахьа цкъа къуръан доьшуш чакхдаьккхича 3 300 000 дика ду хьуна. И х1ора дика Веза-Сийлахьчу Дала иттане са доккху, т1аккха 33 000 000 дика хуьлу хьуна. Йа Аллах1! Цулла доккха х1ун ду?! Цул боккха болх муьлханиг бу?! Бан а бац. Вай кхетахь нагахь санна.
Ткъа цхьа х1ума ду, Веза-Сийлахьчу Дала бусалба стеган х1ора диканна дуьхьал цуьнан цхьа вон д1адоккху. Ткъа цкъа къуръан дешна 33 000 000 дика даьккхинчунна т1ера оццул къинош а д1адохуш ду Веза-Сийлахьчу Дала. Йа Аллах1! Ойла йе цу балхана! Цул а пайде х1ун ду хьуна?! Ц1енна ялсамани йоккхуш ву-кх хьо къуръан дешарца! Цул доккха х1ун ду!
Цхьана дийнахь дешна чакхдаккха дезаш ма дац къуръан. Х1ора дийнахь жима-жимма доьшуш чакхдаккха шарахь цкъа даккхий а. Мел шераш д1аихна хьан цкъа къуръан дешна чакхдаьккхина доцуш. Ткъа ахьа жима-жимма доьшуш хиллехьара мел дукха чакхдаьккхина хир дара ахьа иза. Мел дукха ял йаьккхина хира йара ахьа! Мел дукха къинош д1адевлла хир дара хьуна т1ера. Амма вай са ца гаттадо цунна. Вай дуьненна са гаттадо. 33 000 000 миллион луш болх хилча вай иза цхьаьнге кхочуьйтур бацара. Амма къуръан дешаран болх ца къуьйсу вай. Ткъа къуръанаца вай доккхуш дерг даима хир долу эхарт ма ду. Ялсамани ма йу. Дуьне-м мел дукха даьккхича а чакхдер ду, даима хир долу эхарт ду-кх кхерамениг. Дуненахь вай мел ду рицкъ доцуш дуьсур дац вай, амма эхартан декъалалла вай ваьшша йакхха йезаш йу. Ма боккха аьтто бу хьан тахана къуръан 1ама а дина эхартехь уггаре тоьлла меттиг баккха Веза-Сийлахьчу Аллах1ан пурбанца.