Ахь дуьненан хьал дехча а хьуна билла бехк бац, цуьнга хьо ч1ог1а хьаште хиларна, йа ялсамани йоьхур йара ахьа?
Ялсамани йоьхур йара ала там бу ахь. Иштта алар дика ду, делахь а таханлерачу хьайн дахаре хьажжий дуста, баккъалла а йоьхур йарий те, йа йацара. Нагахь санна, Робий1а санна халчу хьолехь воллушехь ахь и йоьхург хилча, тахана Робий1ан хьоле диллича, паччахь санна вехаш волу хьо т1ех дукха къахьоьгуш хила веза суннат – ламазаш дарна т1ехь.
Дийнахь-буса массазза до1а до ахь Везачу Деле хьайна ялсамани йоьхуш?
Робий1ел дуккха а дика 1аш воллушехь, дийнахь цкъа-шозза бен ялсамани йоьхуш хьо ца хилча, Робий1а санначу хьолехь долуш вай тешне а йоьхур йацара иза. Бакъдерг ала боху вайга, иза къаьхьа делахь а.
Кху Робий1ах лаьцна дийцарца гайта г1ерта со вай тахана г1ийла хилар. Хьовсийша, мел г1ийла ду вай ялсамани лехарехь, цуьнан ойла йарехь, иза Деле йехарехь, Дала иза вайна йаларна сатийсам г1ийла бу-кх вай.
Вай лийр долуш дац те?
Вай жоьжахати даха мегаш дац те? Хьо жоьжахати ца воьдуш, ялсамани г1ур ву аьлла кхаъ баьккхина хьоьга? Иштта дацахь, вайл хьалха хилла дика нах санна ялсаманига сатуьйсуш хила деза вай.
4-Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Уггаре хьалха лайне (Дала) хоттурдерг къемат дийнахь цуьнан ламаз ду. Цо уьш (дериш) кхочуш динехь, цунна уьш кхоччуш д1айаздийр ду. Амма цо уьш (дериш) кхоччушдина дина ца хилахь, Аллах1а эра ду Малийкашка:
– «Хьажал, шуна карадой сан лайна мелан ламазаш».
Т1аккха цаьрца (суннат ламазашца) уьш (фарз – ламазаш) хьаладузура ду».
Хьажа, лараме бусалба ваша, йиша, ма боккха пайда бу вайна суннат ламазаш дар. Ма йоккха ял хуьлуш йу вайна. Вайн дисина фарз – ламазаш т1ецатоьучу дийнахь Веза-Сийлахьчу Дала вай дина суннат ламазаш фарз – ламазашна метта х1иттор хилча! Т1ецатоьу фарз – ламазах жоп дала ма дезара вай, амма Веза-Сийлахьчу Дала Шен къинхетамца церан меттан суннат ламазаш х1итторна жоьжахатах хьалхадовлу вай. Йа Аллах1! Ма доккха ни1мат ду иза. Ма доккха совг1ат ду иза. Ма ч1ог1а лардан деза вай и суннат ламазаш. Ма ч1ог1а дан дезара вай уьш. Х1ара дуьне ца кхочу цхьан суннат ламазе, амма х1ара дуьне бахьана долуш дуьту вай суннат ламазаш. Ткъа суннат ламаз дитича оццул боккха эшам вайна хуьлуш хилча, фарз – ламаз дуьтучун мел боккха эшам хуьлу аьлла хета хьуна?! Ла́ ила́ иллалло́х1, Мухьаммадун росу́лулло́х1. Я Аллах1! Ма доккха х1ума ду иза! Ма кхераме ду эхарт ламаз ца дечунна! Ма йоккха декъалалла йу фарз —ламазаш а, цаьрца суннат – ламазаш а деш хиллачунна. Веза- Сийлахьчу Дала царна т1ехь ч1аг1 дойла вай.