Минбаран хьехамаш - страница 16

Шрифт
Интервал



Цунна моьттина, Къуръан дагахь 1амош ца хилча, иза деккъа дешаро х1ун пайда бийр бу аьлла.


Чохь к1ора лелош 1аржбелла цаца хилла церан пеша уллехь. Дедас аьлла цуьнга:

– Валол, оцу цецана чохь хи да суна.


К1ант цаца эцна хи т1е вахна, цу чохь хи а эцна схьавог1уш цу чуьра хи д1адолуш хилла, цецах чакхдолий охьадоьдуш. Дедас йух-йуха вохуьйтуш хилла иза цецана чохь хи дан. Кхин цуьнга иза дан ца делча, дедас хаьттина к1ентан к1анте:


– Цу цецах чакхдийлинчу хино х1ун дина цецана?


К1ентан к1анта жоп делла:

– Къорах 1аржбелла цаца ц1анбина, к1айн а бина цо иза.


Т1аккха дедас аьлла цуьнга:

– Иштта и хи санна ду Къуръан а, суна иза дагахь хиъна сан даг чохь иза сецна дацахь а, аса иза доьшуш сан дагах чекхдолуш сан дог ц1андо цо, цецах чакхдолучу хино цаца ц1анбаре терра>>.


Ишттачу масалца кхетийна цо жима к1ант Къуръан деша дезаш хиларх.

Шеко йоцуш, Къуръан дагахь хаар доккха дозалла ду, иза дагахь 1аморца даг чохь сецна хилча, дог даима ц1ена а, хаза а хир ду цуьнан.

Амма иза дагахь ца хаьахь а, иза дешарца даг чухула долуш делахь, дог ц1андо цо, ц1ена латтадо. Х1унда аьлча, вай 1аш-дехаш даг чохь дуккха а х1ума соцу вайн, масала: Хьаг1, гамо, цабезам, куралла, эхарте сацатийсар, дуьне т1ех дукха дезар, кхин а дуккха а вон х1уманаш а.

Амма цу массо х1уманах ц1андо Къуръано дог. Даима ийман латтадо цо даг чохь.

Даима Дела латтаво цо даг чохь.

Даима эхарт дагадоуьйту цо.

Даима Делаца йолу йукъаметтиг ч1аг1йо цо.

Иштта кхин дуккха а пайда бо цо вайн г1ийлачу дегнашна.


Цундела, х1ай, бусалба ваша, йиша, хьайна Къуръан 1амаде, цунах тасало, дуьненахь а, эхартахь а пайде хир ду хьуна иза, цо ялсамани чу вуьгур ву хьо, Делан пурбанца, ахь иза даггара Делан дуьхьа доьшуш делахь.


Лараме бусалба нах! Цхьа а воккха стаг ца гина суна, ша жима волуш къуръан 1ама ца дарна дохко ваьлла воцуш. Даима дохко бевлла карийна суна баккхий нах шаьш къуръан 1ама ца дарна. Иштта хьо а къанале ваьлча дохко вер ву хьуна, цундела къуръан 1амадан сихо йан йеза ахь аьтто болччара, жима волччара. Къуръан 1амо цкъа а т1ехьа дац хьуна. Жима вара, йа воккха вара аьлла дац хьуна къуръанаца дерг. Делахьа а, жималлехь ка алсам долу, хан алсам хуьлу, къа алсам хьегало.


Веза-Сийлахьчу Дала Ша реза волчу кепара къуръан 1амадинчарех дойла вай. Цуьнан къуръан гуттара ч1ог1а дешначарех хуьлда вай. Даггара къуръан дезначарех хуьлда вай. Дуненахь а, эхартехь а къуръан вайца хуьлда. Веза-Сийлахьчу Дала толам лойла Фалестинера бусалба нахана. Уьш парг1ата бохийла Веза-Сийлахьчу Дала. Веза-Сийлахьчу Дала царна т1ера бала д1аойбийла.