Хьажа, ма йоккха ял йу иза. Кхин х1умма ца дахь а, буоберана коьрта куьга-м хьакхалур ду хьуоьга. Ткъа хьан куьг хьакхаделлачу х1ора месан барамехь Дала хьуна ял луш а йу. Х1унда? Дера ло хьо цу буоберана ден метта х1оьттина дела. Ахьа цунна шен да дага ваийтина дела. Ойла йе, цуьнан дас мел сагаттадеш хира дара шен доьзална. Амма шен дан х1умма а доцуш шен доьзална, ахьа цуьнан терго йича мел хаза хетара дара цунна. Ткъа ахьа дина дика Веза-Сийлахьчу Дала д1акхачадан ма мега эхарте. Ткъа х1инца хьо велла а волуш хьан доьзал бисина хилча, хьуна луура дарий наха хьан доьзална диканца терго йан? Хьуна хазхетар дарий цхьаммо хьан доьзална дика дича? Хьуна хаза хетар дарий цхьаммо хьан доьзална коьртах куьг хьаькхича? Дера хетар ма дара хьуна хаза а, дика а. Цигара ойла йеш хилалахь. Цигара дусталахь, х1ай сан лараме ваша, йиша.
Лараме вежарий, йижарий! Боберана дина дика нисса хьан дагах кхеташ ду хьуна. Хьан дагчу кхочу цунна ахьа дина дика. Боберана дика даро хьан дог дика до, к1ад до, хаза до. Ч1агделла дог к1ад а до.
Абу Дарда́с, Аллах1 реза хуьлда цунна, аьлла:
«Цхьа стаг веара Пайхамар, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, волчу, шен дог ч1аг1даларан бала белхош. Пайхамарас, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, цуьнга элира: Боберах къинхетам бе, цуьнан коьртаха куьг а хьакха, цунна йаах1ума ло хьайчух, т1аккха хьан дог къадлур ду, хьайн хьаштт а кхочуш далур ду хьоьга».
Дог ч1аг1даларан бала боккха бу. Оццул боккха бала боберана дика дарца д1абериг хилар билгал дина вайна Пайхамарас, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна. Ма виц ца вина вайн Пайхамарас, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, байлахь висинарг. Ма ч1ог1а весеташ дина цо цуьнца дика хила бохуш. Ма ч1ог1а деза лерина Веза-Сийлахьчу Дала боберана коьртах куьг хьакхар, куьг хьакхаделла х1ора месан дуьхьа цхьа дика йаздеш. Ма дикка ойла йан йеза вай цунах.
Бобераш кхобуш йолу йисина зуда ма йоккха ял йоккхуш йу шена. Ма даккхий дазаллаш ду цуьнан хьокъехь.
Къемат дийнахь Пайхамарна, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, ялсаманан не1арш схьайоьллуш буобераш кхаьбначу зудчо ялсамани чу йаха сихо йийра ю, Пайхамарна, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, «сол а хьалха йала йоллу х1ара» аьлла дага дог1ур долуш. Веза-Сийлахьчу Дала оццул сиха ялсамани чу йог1уьйтур йолуш йу йисина буобераш кхаьбна зуда, Пайхамарна, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, т1аьхьах1оьттина ялсамани чу г1ур йолуш.